ГIалгIайчуьра Карабулакехь марсхьокху-беттан йуьххьехь меттигера вахархо лецира, ловзаргахь масийтаза хIаваэ герз деттарна. Iедалхоша дихкина доллушехь, Къилбаседа Кавказан бахархоша дуьтуш дац и ламаст. Цхьаболчара олу ловзаршкахь герз кхийсар ламаст ду, вукхара олу, ламасташца а, гIилалкхашца а аьттехьа а доьзна дац, и адамашна кхераме долу хIума йукъара дIадаккха деза бохуш. Мила ву бакъ, ткъа нускал далийначу меттигехь герз кхийсар дитар массарах а хьакхалуш а хIунда дац- дуьйцу тхан редакцин материалехь.
Къилбаседа Кавказан мехкашкахь ловзаргахь герз кхийсар Iедалхой дитийта хьийза кху тIаьххьарчу иттех шерашкахь: зуламхой лоьцу, царна гIуданаш детта, балхара дIабоху, ткъа и той дIахьочу банкетан хIумсамийн долахошка а дIахьедеш ду, нагахь и саннарг нислахь, жоьпалла царна а тIедожориг хиларх. Делахь а, ловзаршкахь герз детташ хиларх йух-йуха а хаамаш кхочу.
РогIера и тайпа хIума нисделира Карабулакехь. Некъан полицино рейд дIахьочу заманчохь ларамза гучувелира и герз диттинарг. Официалан версица а догIуш, меттигера вахархо, цуьнан цIе йоккхуш йац, нускал далош йогIучу машенийн коврана йукъахь хиллера. Цо герз кхийсинера масийтаза хIаваэ. Цул тIаьхьа полицин декъе дIавигира иза, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхиний, хууш дац, полисхоша дIахьединарг ду- цу хьокъехь талламаш болийна хиларх.
Иштта кхин зен-зулам доцуш ца доьрзу ловзаргахь герз деттар. 2020-чу шарахь ГIалгIайчохь зуда йалош богIучу нахана йуккъера цхьа стаг цхьа къинхетам хилла виэза велира. Иза хиъначу гIентан гIовланах кхетта бисира тоьпан хIоа. Ткъа Малгобекехь иштачу меттигехь пхи шо кхаьчна бер лазийра.
Кхин а луьра йара тӀаьхьалонаш Кхарачой-Чергазийчохь хиллачун, цигахь 2022-чу шарахь цхьана хьешо талламхочун топ кхусуш, веа стагана чевнаш йинера. Цул тӀаьхьа ши шо даьлча, оццу республикехь, ларамза тоьпан хIоъ кхеттера ворхӀ шо долчу йоӀана.
Дагестанехь тойнехь лазийра ГИБДД-н инспектор а, набахтен белхахо а, самукъадаьллачу хьешо, мелла а волуш, тховх герз деттачу хенахь. 2010-чу шарахь ГӀебарта-Балкхаройчохь тойнехь герз тухуш, стаг вийра – Урванан кӀоштахь тоьпачуьра хIоъ цхьахволчу хьешан коьртах кхеттера. Дарбан цӀийнехь велира иза.
Шовкъе бевллачу божарша герз кхийсина ца Iаш, ловзаргахь герзах ка йохуьйту зударша а цхьаьна. Кху аьхка 86 шо долчу йоккхачу стага тапча кхуссу шен кIентан кIентан ловзаргахь Хасав-Йуьртахь. 30 шо хьалха цо цунна дош делла хиллера боху, цо зуда йалийначохь ша тапча йеттар йу аьлла. И ролик социалан машанашкахь йаьржинчул тIаьхьа, дуккхаъчара йемал дира цуьнгара даьлларг.
И тайпа лелар йа майраллица а, йа сийца а доьзна дац
Цу кепара цхьа могӀа зуламаш хиллачул тӀаьхьа Ӏедалша а, йукъараллин институташа а некъаш лаха долийра тойнехь герзаш деттар сацо Iалашонца. Нахана йукъахь хӀаваэхь герз деттар Оьрсийчоьнан низамо дихкинчул тIаьхьа, 2020-чу шарахь ГӀалгӀайчоьнан Наьсаран кӀоштан къанойн Кхеташоно сацам бира шайна а, нехан дахарна а кхерам латтош, тойнехь герзаш диттинчу хьешашна а, и ловзар дIахьочу нахана а 50 эзар сом гӀуда тоха.
Уггаре а чIогIа шогала гойту тойнашкахь герзаш деттаран хьокъехь Нохчийчоьнан Ӏедалша. И тайпа гӀуллакхаш дихкина дуккха а шераш ду, ткъа цу дехкарна тIехваьллачунна административан барамаш дуьхьал баьхна ца Iаш, нахана хьалха дIахIиттабой, цаьргара бехкаш а доху. Кадыровхоша масийттазза дӀахьедар дира, тойнашкахь герзаш деттар нохчийн ламасташца доьзна дац, низам дохийнарш "йамартхой" лара мегар ду аьлла.
ТӀаьххьарчу шерашкахь Нохчийчохь балхара дӀаваьккхина массех ницкъаллин структурийн белхахо. Масала, шен доттагӀчун ловзар дӀахьочу хенахь Калашниковн автомат йеттташ, лулахойн тхов бохийна хадархойн полкан белхахо балхара вохийра. Ишта Шела кӀоштан прокуроран гӀоьнча хилларг а шен даржах ваьккхира, Москвахь нускал далош йогIучу машенашна йуккъехь, цо герзаш детташ видео интернетехь гучуйаьллачул тӀаьхьа.
Амма и тайпа хиламаш балхара дIабохий, йа нахалахь дийцарш хуьлий ца доьрзу цкъацкъа. Цхьадолчу хьелашкахь тойнехь герзаш деттар бахьана долуш ирча тӀаьхьалонаш йуьсу. 2006-чу шарахь 12 шо долчу Альбиева Седина ларамаза герз тоьхна, чов йира некха тӀе. Шена йинчу чевнах кхелхира иза дарбан цӀийнехь.
2012-чу шарахь мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, шаьш тIеэцна барамаш бахьана долуш, герзаш деттар наггахь бен хуьлуш хIума дац аьлла. Амма цо ма-бохху дац гIуллакх, герзаш детта цунна уллорчу наха, ловзаршкахь диттина а ца Iа йа.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀант, 18 шо долу Кадыров Адам, дукхазза нисвлелла иштачу меттигашкахь. Ша нускал далийначу дийнахь машенан корах ара герз кхийсира цо, хIетахь-м цуьнан 17 шо бен а дацара. Ткъа низамо 18 шо кхаьчначул тIаьхьа бен бакъо луш йац машенан урхалла дан. Ткъа кху шеран гIура-баттахь Кадыровс-жимахволчо видео зорбане йаьккхира, шен гӀаролхоша го а бина, хелхар деш. Цкъа хьалха хӀаваэ герз детта цо, цул тIаьхьа хелхар до, цунна гонах болчара хьала автоматаш а, тапчанаш а йетташ. Оьрсийчоьнан низамца а догӀуш, герз лелон бакъо йу стеган, цуьнан 21 шо кхаьчначул тIаьхьа. Ткъа цхьаццайолчу меттигашкахь магош ду- 18 шо дуьзча.
Политологна Исханов Хьусейнна хетарехь, Нохчийчохь цхьаболчу нахана герз кхийса мегаш хиларо гойту кхузаманан Оьрсийчохь йолу система ма-йарра. МогIарерчу стагана дихкина мел дерг, магош ду Iедална герга болчу, ницкъе болчу, ахчанца болчу нахана.
"Дуккхаъчу тергамчаша тидам бина ма-хиллара, Кадыров Рамзанан доьзална а, цунна уллорчу нахана а Нохчийчоьнан дозана тIехь дерриг а магийна ду. Делахь а дозанал арахьа ловза ца бо уьш. Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органаша кхечу регионашкахь кест-кеста лоьцу уьш, цаьргара герз схьадоккху, мел лакхара дарж цуьнгахь лелахь а, шайн цIахь лелориг уьш лело буьйлабелча", - дийцира тхан редакцица хиллачу къамелехь цо.
Цо ишта билгалдаьккхира Оьрсийчохь дукха заманахь дуьйна "дашо кегийрхой" аьлла кхетам лелаш хилар, уьш ду хьаькамийн, инарлийн, баккхийчу бизнесхойн а бераш. Жимчохь дуьйна чу диллина ду царна, царах хIуъ а Iотталахь, дайша кIелхьарабохур бу уьш жоьпаллех аьлла.
"МогIарерчу стагана, цхьа кега-мерса ледарло цуьнгара йаьллехь а, таIзар дийр ду, ткъа Кадыровн кIантера бехк боккхур бац, иза жоьпалле озор-м стенна дуьйцура",- бохура Исхановс.
Тойнашкахь герзаш деттар кавказхойн Ӏадат лоруш ду. Историкашлахь а хӀинца а къийсамаш бо цу хаттарна гонах. ЧӀогӀа герз деттарца, шайтIанаш къахкадо, кегийчарна бIаьрг ца хилийта, бохуш туьду цхьаболчара. Ткъа кхечу версица, герзаш кхийсарца, шаьш нускал далош догIу, той дIахIоттаде аьлла, хаам бар ду.
Австрехь вехачу нохчийн историко, шен цIе къайлайахьар а доьхуш, дийцира, Кавказехь ловзаргахь герз кхийсар дукха шира ламаст ду. Ткъа кху заманахь, цунах "сонта лелар" хилла.
"Тахана оцу гIуллакхан хьалхалера деза маьӀна дӀадаьлла, герз деттар кегийрхоша тойнашкахь шовкъе хIума хилар санна тIеоьцу", - бохура цо.
Тойнехь герзаш деттар- дукха хенахь дуьйна герз лелош хиллачу дуккхаъчу къаьмнашна йукъахь лелла Iадат ду, нохчий а бац цунна йуьстах бохуш, историкна тIетов политолог Исханов а. Ур-атталла Советан Ӏедал долчу хенахь а, дагалоьцу цо, бакъо йоцуш герз лелорна луьра таӀзарш деш долчу хенахь а, тойнехь герз деттар дукха хилла, бохуш дагалоьцу цо. Иза дӀахӀоьттинчу ламастан цхьа дакъа дара, дерриг а магош хилар дIагойту барам бацара.
"Тахана оцу тайпа хIуманаш дукха хьолахь доьзна дац ламасташца, динца-м муххале а, иза доьзна ду сонта понташ йеттарца. Ловзаргахь герз а детташ, зудабераш цецдаха, цаьрга шайн терго йайта хьийза тахана кегийрхой, шаьш "чIогIа" ду аьлла, сурт хIиттош. Амма цара ойла ца йо, шаьш тухучу герзан хIоъно цхьаьннан дахар хадо тарло аьлла. Йа доьналлица а, йа сийца а доьзна хIума дац и", - дуьйцу эксперто.
Цо аьллачунна тIетайра Нохчийчуьра культуролог а, Оьрсийчохь репрессийн низам лелаш хиларна, цуьнан цIе ца йоккху оха. Цо кхетийра, тоххара а, тахана а ловзаргахь герз кхийсаран маьIнех. Цхьана заманчохь цхьана билгалонан кеп и хиллехь а, таханалерачу ловзаршкахь автоматаш а, тапчанаш а кхийсар - керла йукъадаьккхина хIума ду, герз карадан атта хиларна а, шегахь цхьа ницкъ хилар, шен таро хилар дIагайта санна.
Къамелдечо дийцарехь, нохчийн культурехь нускал дерзор чIогIа деза хIума ду, оцу доьзале а, баккхийчаьрга а ларам болуш, лело деза гIиллакх-оьздангалла а лелош. Амма, бохура цо, нехан дахар кхерамна кIел хIоттор, иза догIуш дац ламасташца. Амма, ламастех дIахадар ду олийла дац цхьадолу зуда йалорца, йигарца, йерзорца хилла хIуманаш йукъара дахар.
"Дика масал ду- зуда йадор дитар. Оцу гIуллакхо тоххара дов дулура доьзалашна а, тайпа-тукхамашна а йукъа, йоьIан кхоллам кагбина меттигаш анислора. И гIуллакх маслаIатца дерзон аьтто хуьлуш хиллехь а, гергарчарна йукъара ийгIина меттиг йуха дIа ца нислора аттачу хьолехь",- дерзийра цо шен къамел.
- Нохчийчоьнан урхалхочун кIентан Кадыров Адаман инстаграмехь видео гучуйелира, цу тIехь иттех сов хадархочо го а бина, цкъа йуьхьанца герзтуху цо, цул тIаьхъьа хелхар до. Оцу заманчохь цуьнан хадархоша хIаваэ герз детта автоматашца а, тапчанашца а. ТIерачу духаре хьаьжча, и видео дIайазйина йовхачу хенахь, ткъа хIетахь Кадыровн кIентан 18 шо а дац. Оьрсийчоьнан низамца а догIуш, герз лело бакъо йу стеган, цуьнан 21 шо кхаьчнехь. Ткъа цхьайолчу меттигашкахь бакъо ло 18 шо кхаьчча.
- ГIалгIайчуьра Iеламнехан дехкарца, къанойн Кхеташоно дихкира республикехь нускаал далийначу ловзаргахь герз кхийсар. Ишта цара дихкира регионехь нускал далош йогIучу машенашкахь некъан низамаш талхор а. Къаноша йукъадаьккхинчу дехкарца а догIуш, 50 эзар сом гIуда тIедожош ду, и дехкарш дохийначунна. ХIинца нускал далош йиъ машен хила йеза ГIалгIайчохь. Хьалхарчу машенахь молла а, къаной а хуьлу, шолгIачу машенехь- нускал а, цуьнца цхьанабераш а, кхоалгIачу машенахь-кегийрхой, йоьалгIа машенахь оцу тойн хIусамдайн гергарнаш хила беза, цаьрга къепе ларйойтуш.