Лисичанскана тохар дича 30 сов кадыровхо вийна – ВСУ

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран винчу денна леринчу эскаран дIахIиттаршкахь бу нохчийн эскархой. 2022-чу шеран гIадужу-беттан 7-хь

Лисичанскерчу нохчийн "Ахмат" эскаран тобанна тохар дина аьлла дIахьедина ВСУ-н коьртачу штабехь – юьхьанца болчу хаамашца, 30 сов вийна, 15 лазийна. И хаамаш ВСУ-н Iуьйранна йолчу чоьтехь хIиттийна бу. Цаьрца а догIуш, байъинчу кадыровхойн баккъала долу терахь вуно чIогIа хьулдеш ду.

Нохчийн Iедало а, Оьрсийчоьнан тIеман министралло а и хаамна комментарий ца йина. Нохчийн эскархой иштта Лисичанскехь бу бохуш хьалхо дийцира "Ахматан" буьйранчас Алаудинов Аптис.

Дагадоуьйту, ГIадужу-беттан 25-хь ВСУ-но хаамбира, Херсонан кIоштан Каиры гIаларчу школан гIишлонна тIе тохар дарх лаьцна – шех "Нефтеполк" олучун штаб хиллера цигахь - Нохчийчуьрчу Росгвардин хадаран Урхаллин мехкадаьттан а, газан а объекташ ларъеш йолчу полицин полк ю иза. Украинхойн агIоно 30 гергга вийначух, бIеннашкахь лазийначех а дIахьедира.

Кхо де даьлча Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хилларг тIелецира – 23 вийна, 58 лазийна, царах чолхе чевнаш йина веа стаганна, аьлла дIахьедина цо. Байъинчу, лазийначу эскархойн доьзалшна Мекке зиярт дан аьтто лур бу аьлла цо, иштта бекхам барца кхерам тессина украинхойн агIонна. Республикан куьйгалхочо дIахьедина, тийсдаларшкахь 70 украинхойн эскархой байъина аьлла – официалерчу Киево эшамех лаьцна ца дийцина.

  • Украинехь байъинчу 140 Нохчийчуьрчу бахархойн цIерш евза Кавказ.Реалиина – официалехь бохучул а масийттаза дукха ду иза: "Кавказский узелан" зерашца, гIадужу-беттан 14-хь Iедало 29 эскархочун кхалхар тIелаьцна.
  • Украина Iалашъечу, шайн лаамехь вовшахкхеттачу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан буьйранчас Осмаев Адама Кавказ.Реалиина зазадокхзу-баттахь тIечIагIдира, нохчийн дакъойх "заградотрядех" санна пайдаоьцуш хиларх. Цо дийцарехь, оьрсийн эскарна каракхаьчначу дозанашкахь лела уьш, тIемаш боьлхучу аренашкахь дIасауьду тIеман министраллин кхечу дакъойн эскархой а сецабо кадыровхоша.
  • Кху шарахь Нохчийчуьра кхечу пачхьалкхашка дIабахана, стохкалерачу оццу муьрца дуьстича, кхузза сов бахархой. Меттигера бакъоларъяран цхьакхетараллаша керлачу миграцин тулгIе мобилизаци бахьанехь йолайелла боху.
  • Бакъонашларйархоша дIахьедо, Нохчийчохь "лаамхой" хила декхаребечарлахь заьIапхой а, кхел йина нах а бу бохуш. Кегийрхой лечкъабо регионехь, бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш, тIемаш бечу меттигашка дIахьийсабо, йа кIелхаьарбовлуьйту даккхийра ахчанаш делча, чIагIдора оппозицин нохчийн 1ADAT боламо а.