Махкарчу тоьллачу брендашна совгIаташ дина Нохчийчоьнан Iедалхоша. Тоьллачу пхеаннах шиъ КадыровгIеран йу

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан шен кIенташца

Нохчийчуьра экономика кхиоран министралло метигерчу брендашна йукъахь тоьллачу пхеаннан цIе йовзийтина. Царлахь нисйелла, мехкан урхалхочун гергарчу нахаца йоьзна компанеш а. Цхьаъ йишин Кадырова Зарганан долахь йу, ткъа шолгIаниг – цуьнан кIентан Адаман.

Кху шарахь оцу конкурсехь дакъалаьцна 50 сов компанеша, тоьлларш къастийра йукъара кхаьжнаш тосуш, хаамбина экономика кхиоран министралло.

Хинца кха шурахь шолг1а а хьелашхойн "Жайна" бахамна преми кхачийра. Официалан реестрашкахь цуьнан долахо Кадырова Зарган йу аьлла, йаздина дац, амма иза цуьнца йоьзна хиларх хьалхо дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен цхьана постехь. Кху шеран стигалкъекъа-баттахь Казанехь Halal Business Woman номинацийхь совгIат дира "Жайнин" сурсаташна.

Иштта жима гилза а, сийлахь кехат а делира "К+3 Энерджи" брендан энергетикна а, и хиш кху шарахь арахеца долийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама. Оцу кепара энергетикан хиш мехкан урхалхочо республикехь дохкар дихкиннашехь, уггар а хьалха шен кIентан продукцин социалан машанашкахь реклама йинарг Кадыров вара."К13" – Кадыров Адаман долара бренд йу: и йоза тIехь долу бедарш лелайо цо ша а, цуьнан гоно а.

  • Кадыров Рамзанан доьзало бизнес-импери йу кхуллуш республикехь. Нохчийчуьра дIайаьккхинчу "Лента" туьканан метта схьайиллина керла гипермаркет йоцург, политикан доьзало йолийна масех йоккха проект. Тхан редакцина къаьстира, бизнесехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун доьзало кхиамаш баьхна ца Iаш, церан доттагIийн а аьтто беш хиларх.
  • СовгIаташ, сийлахь цIераш, даржаш дала долийра Кадыров Адаман 2023-чу шеран гурахь дуьйна. КъхорIан дагорна Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторехь латточу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа, хьала айвира иза. Кху шарахь цуьнах шозза мехкан "турпалхо" вира.