Германино Мализаев Микаил Кадыровн каралахь…
Your browser doesn’t support HTML5
Кест-кеста интернетехула Нохчийчуьрчу куьйгалхошка "махкара бахархой цахьийзор" доьхуш хуьлучу Мализаев Микаилан доьзална Оьрсийчу депорт йина деношкахь Германино, ша а ву даймахка хьажорна кхерам болуш.
Оцу юкъанна, иза Iеха а вина, "Кадыров Рамзан къинтIеравоккху" аудио дIаязйина цуьнгара иза волчу веъначу шина нохчочо. Цул тIаьхьа цара йиттина цунна.
Дарбан цIийне виллинчу Мализаевс дуьйцу шен доьзал Соьлж-ГIала дIахьажорах а, шена хиллачух а лаьцна.