ДIадаханчу кIиранан сурташ -- Зазадоккху-бутт 3-9

Преказ-юьртахь Косовера Албанхой цIераш ягош бу, "ЦIерийн Буьйса" олучу церемонехь дакъа лоцуш, Зазадоккху-бутт  7. (AFP/Armend Nimani)

ЙоI шен деца-ненаца цхьаьна Дуьненаюкъара Зударийн Де даздан еана.Карачи, Пакистан. (Reuters/Athar Hussain)

ЙоI ю Кабулехь леррина зударшна дуьххьар схьайиллинчу интернет-кафе чохь. (Reuters/Mohammad Ismail)

Къилбаседан нур ду гуш тоькан серашна тIехула. Батте, Аласка (Reuters/Oscar Edwin Avellaneda)

Курбонова Тоджигул, Таджикистанехь йолчу Кулоб-гIалара 112 шо долу яхархо. (RFE/RL's Tajik Service)

Граффити тIехь болчу пенна тIех волуш ву стаг Афина-гIалахь. (AFP/Louisa Gouliamaki)

2011 шеран Зазадоккху-беттан 11 чохь цунамино дIадаьхьна долчу хинкеманашна юккъехь лелаш ю машенаш. Кесеннума-гIала, Япони. (AFP/Toshifumi Kitamura)

Москох юккъехь полици тийсалуш ю оппозино вовшахтоьхна йолчу демонстраце баьхкинчарца. Зазадоккху-бутт 5. (Reuters/Tatyana Makeyeva)

Ша цхьаъ бен йоцу демонстрант лаьтташ ю Москох полицин декъа хьалха, Алёхина Мария а, Толоконников Надежда а, Pussy Riot олучу феминистийн панк тобанан декъашхой, маьрша баха бохуш. (Reuters/Denis Sinyakov)

Украинера Femen олучу зударийн тобанан декъашхой зударий хьийзабарна дуьхьал акци дIахьош бу Айа-София маьждигана хьалха Уьстмалехь. (Reuters/Osman Orsal)

Femen тобанера жигархо лоцуш ю полицино Москох харжамийн туьпана хьалха Зазадоккху-беттан 4 чохь. (Reuters/Denis Sinyakov)

Задарийн набахтехь дIахьочу Мисс БIаьсте 2012 хазаллин къовсамехь дакъа лоцуш болу тутмакхаш кIур тоха арабевлла. Горный-юрт, No.10 колони. (Reuters/Yuri Maltsev)