Бакаев Зелимхан нана: "Лараме Рамзан, гIо дехьа суна кIант лохуш..."

Your browser doesn’t support HTML5

Соьлжа-ГIалахь вайначу иллиалархочун Бакаев Зелимхан нанас Кадыров Рамзане доьху, шен кIант схьалахар. Зелимха полисхоша вигина а ву, къайлахчу набахтехь латтош а ву аьлла, тешна бу кIентан доттагIий. Нанас полицига а дIехьедира, шен воI варах, амма тахана а лохуш вац иза Iедало. Са бIарзделлачу ненан тIаьххьара дегайовхо ю мехкан куьйгалхо.