Меттигерчу блогерийн "махкана а, халкъана а хьалхарчу" декхарех лаьцна дIахьедина нохчийн министро

Дудаев Ахьмад

Нохчийчохь бехачу блогерийн "махкана а, халкъана а хьалха" декхарш ду аьлла, дIахьедина регионан информацин министро Дудаев Ахьмада. Инстаграмехь бинчу шен кхайкхамехь цо билгалдаьккхина, дуьйцург Iедалан кеп-кепара гIуллакхех лаьцна -спортера бизнесе кхаччалц дIасадаржор ду аьлла.

Хьаькамна хетарехь, социалан машанашкахь шайн агIонаш "хьалхатоьттучу" меттигерчу блогерша Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, цуьнан гонан а къахьегарх пайдаоьцу.

"Регионан куьйгалхочун Рамзан Ахматовичан къинхьегам бахьана долуш, тахана дика дехаш ду вай, кеп-кепарчу эксперташа нехех республика цIанъян [ши тIом бирзинчул тIаьхьа] 50 шо луш хиллашехь", - дIахьедина Дудаевс, "шен кхайкхам "дехар а, тIедожор а" лара мегар ду аьлла, билгалдоккхуш.

Хьаькамо чIагIдо, "махкара маршо бахьана долуш" нохчийн блогерийн социалан машанашкахь ахча доккхийла ю.

  • Керлачу оцу дIахьедарца вистхилла Дудаев, Кадыров Рамзанан режимна критика ечу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран доьзална тIаьхьабевлла лелачу юкъанна. Дечкен-беттан 20-чохь Нижний Новгородерчу шен хIусамера лачкъийра бакъоларъярхочун нана Мусаева Зарема. Соьлжа-ГIалахь лаьцна латтош ю иза, Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахочунна дуьхьал ницкъбаьккхина аьлла. ЯнгулбаевгIеран ши ваша а, да а, йиша а махкара дIабахна. Ша а Оьрсийчуьра дIавахара Янгулбаев Абубакар. Кху деношкахь хаамбира цо, Кадыровс шена кхерамаш тийсинчул тIаьхьа Тбилисехь шена тIаьхьабевлла хиллера, цундела цигара а дIавахна ша аьлла.