"МогIарера машенлелорхой Iадийна цара". Нохчийчуьра кадыровхойн ковранаш

Кадыров Адам

Кадыров Адаман кортежца хилла бохам тӀаьхьарчу хенахь уггаре а дукха дуьйцучу хIуманех цхьаъ хилла дӀахӀоьттина. Цу хиламо хеттарш кхуллу некъан кхерамзаллех а, Ӏедалехь болчу наха шайн хьаштдерг дIадеш хиларх, оцу кепарчу хьолех лаьцна дийца ца луучу официалан структурашна хетачух лаьцна а. Тхан сайто дуьйцу оцу некъан хьовзамех а, Нохчийчохь кадыровхойн машенийн ковранех а.

Хьостанаша дийцарехь, бохам хилла Соьлж-ГӀалахь 2025-чу шарахь гIура-беттан 16-чу дийнахь: масех стаг лазийна, цхьаъ велла. И некъахь хилла бохам бузу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀентан Кадыров Адаман кортежца, иза маса машен хаьхкина воьдуш хилла боху. Мила хилла машенан урхалла дийриг, билггал хууш дац, кеп-кепара дуьйцу цунах лаьцна: Кадыров Адам ву хьехош, ишта цIе йоккху цуьнан кхерамазаллин куьйгалхо волчу, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министран вешин кӀентан Ирасханов Аптин а.

Иштта официалан боцчу хаамашкахь йаздора, цу бохаман жоьпалла ГИБДД-н белхахочунна тӀедилла тарло аьлла. Кортеж йогIучу заманчохь некъаш дIакъовла декхаре вара иза боху.

Цу версих лаьцна дуьйцучу юристо Захватов Дмитрийс кхетийра, низамехь некъаца хиллачу бохамна бехке машенлелорхо ву аьлла. Оцу йукъанна, къамелдечо бахарехь, Нохчийчохь ишта гIуллакх Iоттаделча, бакъонаш лелаш йац. ДПС-н белхахо, билгалдоккху Захватовс, оцу хиллачу бохамна бехке ву олийла дац, хIунда аьлча иза машенийн коврана улло ваьлла хиларна (нагахь санна, ишта и хиллехь а).

Нохчийчоьнан Ӏедало йа хиллачу инцидентах а, йа республикан куьйгалхочун кӀантехь долчу хьолах а, юридикан регистраци йарх а, таллам барх а, цу гӀуллакхехь дакъалаьцначара жоьпалла тӀеэца тарлучу хьолах а цхьа а официалан дӀахьедар дина дац. Цуьнан метта Ӏедалехьа болчу хаамийн гӀирсаша, шайна йукъахь "Чечня Сегодня" агенталло а, "Грозный" пачхьалкхан телерадиокомпани а йолуш, йаржийра Кадыров Адам кхерамазаллин урхаллийн буьйранчашца хиллачу белхан цхьаьнакхетарехь дакъалаьцна аьлла. Iорайаьккхира цигахь дIайазйина йу аьлла видео а. Файлан метахаамашца къаьстира, и видео некъабохам хилале хьалха, гIуран-беттан 15-чохь дIайазйина хилар.

Ишта нислучу хIуманаша гойту Ӏедалан къомаца болу хьежам: политикан субъектаца санна ца хуьлу, шаьш урхалла даран субъекте санна хьуьйсу уьш, аьлла хета Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан векална Музаев Сайханна. Цо дийцарехь, цу кепаре экамечу меттигашкахь хьал нахана гергахь ма-дарра дӀадийца реза ца хиларо гойту, нагахь санна и шайн политикан интересашца а, Ӏуналла латторан логикаца а нислахь, Ӏедалша йукъараллина хетарг тидаме эцна, царна хьалха жоп лур цахилар.

И тайпа инциденташ къайлайахьа гIортар цхьана Нохчийчохь хилла ца Iа, йоллу Оьрсийчоьнан политикан системехь и долуш ду, бохура Музаевс.

Официалан кепехь хиллачух лаьцна цхьана а кепара хьахош цахилар къаьстинчу цхьана Iедалан логикица догIуш ду, билгалдоккху социолога Дубровский Дмитрийс.

Авторитаран раж лаьттачу мехкашкахь лидерийн могушаллех а, церан меттана хинболчех а хаамаш экаме политикан гIирс хуьлий дIахIутту.

ХӀокху хьолехь вуьйцург Ӏедалан хинйолчу структуран декъашхо санна гуш волу кӀант ву, цундела цуьнан Соьлжа-ГIалахь йолчу статусах лаьцна муьлхха а информаци ницкъ ма-кхоччу хьулйеш йу, бохуш, кхетадо къамелдечо.

Дубровскийс динчу хьесапехь, цу кепарчу тийналлин Ӏалашо уггаре а хьалха арахьара аудитори йац, мелхо а чоьхьара го бу – Кадыров Рамзанан го а, нохчийн йукъаралла а: "И санна йолу рожаш чоьхьарчех кхоьруш хуьлу, арахьарчехчул а".

Хаамийн гӀирсаша а, бакъонашларъярхоша а хьалхо дукхазза дуьйцура, Кадыров Рамзанан гергарнаш а, цуьнан доьзалхой а, республикерчу кхерамзаллин гонан декъашхой а бехке болуш дуккха а нах бойуш хиллачу некъан бохамех лаьцна. 2022-чу шеран гурахь официалан доцчу хьостанаша йаздира, хӀетахь 14 шо долу Кадыров Адам куьйгбехке волуш хиллачу бохамах лаьцна. Жигархоша дийцарехь, хIетахь цу бохамехь велла ши стаг, ткъа кхиазхо шен хадархочун машенахь кIелхьара вала гIоьртинера, и бахьана долуш машен тIетоьхна кхин а цхьа стаг вуьйш.

Кхин дIа а Кадыров Адаман цIе йохура кест-кеста зорбанашкахь, шен берхIийтта шо а дузале цо машен хоьхку бохуш. 2023-чу шеран чиллан-баттахь социалан машанашкахь видео йаьржира, цу тIехь Нохчийчоьнан урхалхочун шина кIанта машен хоьхкура Дубайхь. Ткъа цитгахь а машенан урхалла дан бакъо йац, оцу стеган 18 шо кхаьчна дацахь.

Кадыровн берийн машенийн ковранаш чIогIа къиза дIасалела

2025-чу шарахь йуха а машен лелош гайтира хӀетахь 17 шо долу Кадыров Адам – шена нускал далийначу тойнехь. Стигалкъекъа-баттахь хаамийн гӀирсаша йаздира Смоленскерчу депутато, ша машен хаьхкина воьдучу Кадыров Адамна тIаьхьа а кхиъна, цуьнца къамел дарх лаьцна дийцарх. Цул тӀаьхьа цхьа бутт баьлча хаам баьржира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀант Оьрсийчохь йохкар дихкина йолу наггахь бен ца хуьлу «Мерседес» машенна тӀехь воьдуш гина аьлла.

Цхьаццадолу гIуллакхаш гIарадийлинехь а, официалан хьостанашкахь информаци йацара бехктакхаман гIуллакхаш делларх, кхело къастийна аьлла, йа таIзар дина а.

Цуьнца цхьаьна республикан куьйгалхочо йух-йуха а луьра йукъараллехь дIахьедора, "некъашкахь къепе меттахIоттон" йезаш хиларх лаьцна. Цо кхайкхам бира некъан низамаш дохорна луьра таӀзарш дийр ду, бохура хаа а хууш, некъаш тIехь харцахьа лелачу нахера машенаш схьайаьхна, уьш дIайухкур йу а. ДIахьедора, и тайпа низамаш дохош болчу наха адамашна кхерам бохьу, уьш террорхойх дIатоха мегар ду.

Цул сов, Кадыровс чӀагӀдора, некъан бохамашкахь нах байъарна тIе тидам бахийта беза, даржхой уьш белахь а, балхара дIа а бохуш, царна догIу таIзар дан дезаш хиларх а. Иштта бакъо йелира низам дохош берш, шайна йукъахь некъан низамаш дохорш а болуш, Украинерчу тӀаме хьийсон.

Республикан куьйгалхочо зевне дӀахьедарш дахь а, Нохчийчохь некъаш тIехь хуьлуш дерг, тхан редакцино къамел динчу меттигерчу бахархоша дийцарехь, "къепе" латтор йу, низам дохийначарна таӀзар дийр ду аьлла йинчу чIагIонех къаьсташ ду. Ӏедалан белхахой а, церан гергарнаш а дӀасалелабо машенийн кортежашца, коьрта некъаш дӀа а къуьйлуш, оцу хьоло кхерамечу хьолехь латтабо кхинболу машенахь дIасалела нах.

Республикера некъашкахь долу хьал девзаш волчу цхьана хьаькамо дийцарехь, нохчийн куьйгалхочун гонаца йоьзна йолчу машенаша кхечу машенлелорхошна кхерам алсамбоккху некъашкахь. Иштачу ковранашца шаьш нисделча царах мел а лардала гIерта шаьш бохура цо.

"МогӀарера машенлелорхой Iадийна бу цара: цхьанна а ца лаьа царна уллохь нисвала, массо а лаьтташ хуьлу, уьш тIехбовллалц",- бохура кхъамелдечо.

Церан машенийн кортеж гучу ма-йаллара, кхинболу машенлелорхой йуьстах буьйлу, уьш тIехбовллалц. Эскортехь, дукхахьолахь, шиъ-кхоъ полицин машен хуьлу, цара некъ "цӀанбо", ткъа коьрта ковра тIехйаларца кхечу машенаша йукъалоцу и ковра. Кортежца цхьана хьо дIаваха гIортахь, цуьнгара шайна кхерам хаало царна.

ЦIеххьана некъаш къовлуш хиларх нах марзбелла, дуьйцу редакцига Соьлжа-ГIаларчу кхечу вахархочо. Цо бахарехь, мичча хенахь а полицино дIасалела машенаш совцо йиш йу, ур-атталла богуш баьццара чиркх белахь а, нагахь санна, мехкан урхалхочун гонаца йоьзна кортеж хаалахь.

"Кортеж йогIучу заманчохь, массо а саца везаш ву-цунна тIехь терго латтош некъан полисхой бу. Церан Iалашо йу- оьшучу хенахь некъ къовлар",- кхетийра къамелдечо. Дукха хьолахь машенлелорхой латта декхарийла хуьлу 10-20 минотехь, цкъацкъа кхин а алсам.

Адамашна ца лаьа цаьрца гIуллакх Iоттадала, кхузахь дан хIуммаъ а дац

"Генара хьаьжча моьтту хьуна, цхьа а бахьана а доцуш лаьтташ йу и машенаш. Нах балха, йа цIа баха сиха хуьлу, километаршкахь йолчу раьгIнашкахь латтабо уьш", - кхин дIа а дуьйцу Соьлжа-ГIалин вахархочо. Цо бахарехь, иштачу хьелашкахь адам эргIаде хуьлу: "И тема Нохчийчохь экаме йолу дукха хан йу. Хьо ца кхиа тарло царна новкъара дехьайаккха машен, хуьлучунна маса тIе ца кхуьуш а нисло. Кортеж сацош йанне а йац, магийначул а масийттаза чехка боьлху уьш, хьозане а лацалур боцуш".

И лакхахь дийцина хьал бакъдо Устрада-ГIаларчу вахархочо а. Цо дийцарехь, кортежаш йоьлхучу заманчохь коьрта некъаш дIакъийлина ца Iаш, пурхал дерш а цхьана доьхку, цундела нах дукха латта безаш нисло.

"40 минотехь сов машенахь хиъна Iен дезаш а нисло. Кест-кеста хуьлуш хIума ду, некъаш къевлина латтадо, ткъа оцу некъа тIехула цхьа а машен ца йоьду", - дийцира цо.

Кхерамзалла Iалашйархьама деш ду шаьш и олу Iедалхоша формалехь; ца хилча йиш йоцу хIума санна тIеоьцу хьал машенлелорхоша.

"Нахана цаьрца гIуллакх дан ца лаьа, цинахь кхин дан хIума данне а дац", - бохура цо. Ишта цо дийцарехь, кортежехь берш некъаца шога хуьлуш меттигаш а нисло: "Кадыровн берийн машенийн кортежаша вуно къизалла гойту, кхин йолчу машенашна шайнаш тIе а йетташ, уьш новкъара йохуш меттигаш а нисло".

Устрада-ГIаларчу вахархочо тӀетуьйхира, дуккхаъчу машенлелорхошна хаьа церан машенийн номерашца царах ларбала: "Нохчийчохь машенийн номерашца царна хаьа, муьлха хьаькам ву вогIург. Масала, Кадыров Адаман номер 013 йу, Делимханов Адаман - 007 йу. Некъаш дIакъовлу, ткъа хьо машен чохь хиъна Iан вехаш хуьлу, чуьра аракъада йиш а йоцуш".

Маршо Радион йоллу хьасташа аьлларг цхьаъ дара: оцу кхоллалучу хьоло некъа тIехь боккха кхерам латтабо. Некъан бохамах кхийрина ца Iаш, машенлелорхоша сагатдо цхьа тIаьхьало йисарна: нагахь санна, оцу кортеж йукъара цхьанна зен хилахь, цу машенахь волчунна сингаттам баьлла ца Iаш, цуьнан боллу гергарнаш а цхьаьна бале лоцур бу.

Республикехь кортежийн дIасалеларх а, некъаш дӀакъовларх а лаьцна дуьйцучу "Цхьааллин ницкъ" боламан декъашхочо Музаев Сайхана билгалдоккху, и тайпа барамаш гуттар а кхерамазалла ларъярца боьзна ца хилар.

"Приоритет дукха хьолахь дIайоккхуш йу билггал йолчу Iалашонашна тIера шайн Iедалан ницкъ, статус, иерархи дIагайтархьама", - аьлла хета цунна.

Социолога Дубровский Дмитрийс иштта Нохчийчохь машенийн кортежийн дера лелар кхерамазаллин хаттаршца дузуш дац, церан Ӏедалан иерархин статусца а, позицица а дузу.

Иштачу нахана, бохура Дубровскийс, кортеж – ма-дарра аьлча, ницкъ дIагайтар дац, шаьш марзбелла статусехь леларан кеп йу. Иза хьаькамаллин бIаьца йац, гайтаме акци а йац, системин буьххьехь а болуш, йукъара низамаш лар ца дича а мегаш болу нах бу.

Социолога мах хадорца, и логика барам боцуш йисте кхачийна йу: регионан куьйгалхочунна и таро йелла ца Iаш, цуьнан уллорчу гонна а йелла-гергарчарна а, бIанакъосташна а. Некъаца дIасалелачу кхечу нахана тоьхна дозанаш иштачу хьелашкахь лелош ца хуьлу, лара дезаш ду аьлла а ца хета.

  • Нохчийчоьнан урхалхочун кIентан Кадыров Адаман инстаграмехь видео Iорайаьккхина, цу тIехь иза а, цуьнан хадархой а хелхабуьйлуш бу, тайп-тайпана герзаш а кхуьйсуш. Оьрсийчохь хIаваэ герз тохар дихкира ду, Къилбаседа кавказера а, йоллу пачхьалкхера а бахархой оцу тIехула жоьпалле ийзийна меттигаш бу, камерашна хьалха хIиттийна, къур а олуьйтуш.
  • Нохчийн НИЙСО боламо дIахьедира ТIехьа-Мартанахь хиллачу некъан бохамехь ницкъахочун бехках стаг валарх лаьцна. Полисхо ша а велла хиллера. Нохчийчоьнан Ӏедалша цхьа а комментари ца йина жигархоша бинчу хаамна.