Москварчу метрохь тIелатарна бехкевечу кхааннах цхьаннан нанас къинтIера ваьккхина лазийнарг

Гайтаман сурт

Москварчу метро чохь пассажирна еттарна бехкевечу дагестанхочун Залибеков Гасанан нанас а, гергарчара а чевнаш йинчу Ковалев Романе а, цуьнан нене а гечдар дехна, реабилитаци еш гIо дан лаарх дIа а хоуьйтуш. Хаамбина цунах лаьцна "Лента.ру" хьостано.

"Ас Романе а дехна – тарлахь, къинтIера вала тхуна аьлла. Тхайна догIучу декъанна, тхо даим а кийча ду дарба деш дакъалаца, тхешан телефонийн номерш йитина оха, нагахь санна, цхьаъ хьашт хилахь а аьлла. Юха а доьху гечдар", - боху Залибековас.

Ша бинчу видеокхайкхамехь цо къинтIера йоккху лазийначу Ковалев Романан нана а, шен кIантера даьллачух цунна бехкаш а дохкуш.

Девна юкъагIортахь шаьш дойъур ду бохуш, гонахарчу пассажирашна а цхьана кхерамаш а туьйсуш, метро чохь хиллачу инцидентехь дакъалаьцна ву Залибеков, талламо дийцарехь, амма цо йиттина яц цунна.

  • ГIадужу-беттан юьххьехь Дагестанерчу кхаа вахархочо къиза йиттинера Москварчу метрохь, йоIехьа гIо даьккхинчу пассажирна. Царна бехк биллина "Стаг вен гIортар", "Iедалан векална дуьхьал ницкъ баккхар" аьллачу артиклашкахь.
  • Лазийначу Ковалев Романна мидал елира "Сийлалла, майралла" аьлла, ткъа полици кхайкхинчу пассажирна – "ГIо лацарна" аьлла мидал елира.
  • Метрополитенан чоьтера Ковалев Романна 2 миллион сом ахча ло аьлла, тIедожийра Москван мэро Собянин Сергейс