ГIуданах мукъаваьккхина муфтий Хамхоев ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело

Муфтий Хамхоев Iийса

Бакъо йоцуш миссионеран гIуллакх лелорна гIуда хьарчийна муфтий Хамхоев Iийса маьршаваьккхина таIзарх кху шеран 14-чохь ГIалгIайчуьрчу Лакхарчу кхело. Кхеташонехь адвокато Оздоев Мохьмад-Басира дIахьедина, гIуллакх сацон дезарх жоьпе озон магийна хан чекхъяьлла хиларца.

2021-чу шеран Охан-баттахь гIуллакх дуьхьал даьккхира Хамхоевна, ткъа карарчу беттан 7-чохь хан тIехъяьлла, хаам бо "Мемориало" ("Мемориал" арахьарчу агентийн могIара яьккхина Оьрсийчоьнан Iедало, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна. – Ред.)

Бакъоларъяран органаша чIагIдарехь, Iедалехь регистраци йина йолчу динан юкъараллан куьйгаллехь ша воцушшехь, Сунжарчу маьждигехь хьехам бина хиллера Хамхоевс. Охан-баттахь Масасан кIоштан кхело итт эзар сом гIуда тIедожийра вовшахъяьккхинчу бусулбачийн Динан Центран хьалханчана Хамхоев Iийсана, дIахIоттийна организацин къепе йохорна а, гулам дIабахьарна а. Гуламан Iалашо яра – керла муфтий харжар (Хамхоев къобалвира).

Хамхоев Iийса иттех шарахь девнехь вара ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бекаца. Евкуровс дуккхазза а кхаймаш бинера цуьнга, муфтийн дарж дита бохуш. 2015-чу шарахь Мангал-баттахь Несарахь Наьсар-Кортарчу маьждигехь тасадалар хилира, Хамхоевс дакъалоцуш. Цул тIаьхьа Евкуровс дIахьедира буслбанийн дина Центр (муфтият) дIаяккха еза аьлла. Шен агIор муфтиято 2018-чу шарахь Евкуров юкъарваьккхинера бусалба юкъараллина.