Мюнхенехь велла журналист Мильштейн Илья

Мильштейн Илья

Мюнхенехь велла Grani.ru сайтан гуттарлера автор а, Свобода Радион сайта тIехь вуно тIе тидам озочу материалийн автор а Мильштейн Илья. Валаран бахьана ду пехашна цIе ца йоккху цамгар кхетар. Болчу хамца, журналист велла дарбанан хIусамехь.

Мильштейн винера 1960-чу шарахь Москвахь. Цо чекхъяьккхинена Москван пачхьалкхан университет, журналистийн факультет. Мильштейн артиклаш язйина либералан чулацам болчу махкарчу газеташкахь а, "Огонек" а, "Новое время" а журналашкахь а. 1997-чу шарахь иза, махках а ваьлла, ваха хиира Германехь.

Grani.ru редакцин некрологехь аьлла ду, Мильштейн "хууш вара дог тедон дешнаш каро а, нисдан йиш йоцучух говза дийца а, хуьлуш ирча бохам а болуш вела а, адам деза а".

Свобода Радионна материалаш язъян волавелира Мильштейн 2009-чу шарахь. ТIеххьара цо "Право автора" рубрикина язйина материал зорбане елира 2020-чу шарахь аьхка.

Вуно дукха материалаш язйира Мильштейн Ильяс лаххара тIаьхьарчу 25 шарахь Нохчийчохь хуьлучух.