Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, мехкадаьттан комплексан гIишлош ларъен урхаллехь йоцу махкарчу Росгвардин полицин полкехь, меттигерчу бахархошлахь "Нефтеполк" аьлча, дика евзаш йолу, кхин тIе а нах вовшахтохар дерзийна аьлла. ХIинцале а йолчу полках тIеман полк йийр ю.
Полк кхолларх дийцаредина Кадыровс Къилбаседа Кавказан гонашкарчу къоман гвардин эскаршна тIехь куьйгалла дечу Делимханов Алибекаца, хаамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграм-каналехь.
"Цу юкъа [керлачу полке] вогIур 2000 эскархо… Алибек Султановича хаийтина, оцу полках дIакхета луурш де-дийне алсамбовлуш хиларх. Карарчу хенахь 600 кандидат ву, царех 200 хIинцале а чекхваьлла тIеман лоьрийн комиссих. Иштта къастийна декъан командир а.", - яздина Кадыровс.
- "Нефтеполк" вовшахтуьйхира Нохчийчохь низамашкахь йоцчу мехкадаьттан бизнеца къийсам латто. Цуьнан Iалашо яра дийнахь-бусий ха латтор мехкадаьтта доккхучу гIишлошна тIехь а, мехкадаьттан биргIанашна а, легалехь доцуш мехкадьатта арадоккху массо каналаш дIакъовлар а, мехкадаьтта доккхуш, къайлах болх бен заводаш гучуяхар а.
- "Нефтеполкехь" хаавелира тIаьхьара вайна хилла Умаров Мовсар. Иза лецира 2020-чу шеран товбеца-беттан 18-чохь цо болх бечу Соьлжа-ГIаларчу ресторанехь. Полисхоша дIахьедира, оппозицин нохчийн блогеран Абдурахманов Тумсон видеошка хьоьжуш хиларна, цунна тIе бIаьрг хIоьттинера шайн аьлла. ШолгIачу дийнахь полицин белхахоша цуьнан гергарчаьрга хаамбира, Умаров "Нефтеполке" дIавелла аьлла. Марсхьокху-беттан 7-чохь маса цига тIедуьйла элира Умаровн гергарчаьрга. Церан аьтто хилира лаьцна вигинарг ган. Умаровн нанас бахарехь, цунна тIедожийнера, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а "шайтIанаш" дIалеца оьшу мукIарло де аьлла, ца хуьлчу далахь 15-20 шо хан тоьхна, набахте хьажор ву аьлла. КIентан гергарчаьрга хаамбира, талламан барамаш дIахьочу хенахь иза ведда аьлла. Стаг верца доьзна бехктакхаман гIуллакх айдира, делахь а, и таллар доьазлагIа сацийра.