Нохчийчохь демократи яц бохург бакъ ца до Кадыровс

Кадыров Рамзан

Махкахь демократи а, дешан маршо а яц бохург бакъ дац аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Яздо цунах лаьцна МК ресурсо. Нохчийчоьнан урхалхочун харжамашкахь дакъалаца кандидат иза валар тIечIагIдеш кехат делла Кадыровга Марсхьокху-беттан 10-чу дийнахь. Оцу дийнахь журналистийн хеттаршна жоьпаш лучу мехкан куьйгалхочо билгалдаьккхина, цхьаболчарна хета регионехь демократи а, дешан маршо а яц аьлла.

"Цундела со къар ца велира, нийса харжамаш дIабахьийта, халкъе шен кхоллам шега харжийтархьама", - аьлла тIетоьхна Кадыровс.

Цо бахарехь, Iедалан а, юкъараллан а цхьа барт хилла, регион кхиорехь эвсара жамIаш гайта аьтто баьккхина оцо.

Иштта Кадыров Рамзана аьлла "Нохчийчоьнах уггар а аьтто болуш, кхиаме регион йийр ю вай", шен ден, Кадыров Ахьмадан лаам ма-хиллара.

Карладоккху, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан уллорчу гонашкарчу пхеа векална дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхар дийхира кху шеран Охан-баттахь Европан конституцин а, адамийн а бакъонашкахула йолчу центро а (European Center for Constitutional and Human Rights, ECCHR), "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" а

Бакъоларъярхоша Iедалхошна а, ницкъахошна а бехкаш дохкура махкахь бакъо йоцуш гейш лецарна а, царна тIехь къизаллаш лелорна а, мел лахара а 150 стаг вен тIехьехарна а. 97 агIонах лаьттта документ зийначул тIаьхьа Британин The Guardian газето бира и хаам.

2020-чу шеран Мангал-баттахь Цхьаьнатоьхначу Штаташа адамийн бакъонаш талхорна Кадыров Рамзан язвира санкцийн тептара. Кхочу санкцийн таIзар цуьнан зудчунна Кадырова Меднина а, шина йоIанна Iайшатна а, Каринина а.