Нохчийчохь хенал хьалха аравалийтина журналист Политковская Анна йерна бехкевинарг

МВД-н хилла белхахо Хаджикурбанов Сергей (аьтто агIор йистехь) Политковская йерна тIехула Москва гIалин кхелера кхеташонехь. Биссинарш: (аьрру агIонера аьтто агIоне): Махмудов Рустам, Гайтукаев Лом-Iела, Махмудов Джабраил, Махмудов ИбрахIим

2014-чу шарахь "Новая газетан" журналист Политковская Анна йерна бехкевинчу Махмудов Джабраила, ша хенал а хьалха араваккха аьлла чуделла дехар Соьлжа-ГIалара Шейх-Мансуран (Заводской) хилла кIоштан кхело къобалдина. 2025-гIа шо довш маьршавала везара иза.

2022-чу шеран аьхка Махмудовн чохь йаккха йисина хилла хан хийцира 3 шарна а, 5 баттана а пачхьалкхана белхаш бойтуш, 10 процент алапа чу а сацош, йаздира "Новая газето". Политковскаян берашна Верина а, Ильяна а карабеллачу кхелан сацамца а догIуш, прокуратура дуьхьал хиллашехь а, СИЗОхь 38-зза низам дохийна цуьнгара бехкаш даьхнашехь, Тулерчу колонихь пхоьазза таIзар дира цунна, иштта кхузза гIуданан изолятор чохь латтийнашехь, цуьнан дехарна жоп делла. Журналистан бераша иштта хаамбинера шаьш цуьнан дехарна реза цахиларх кхелан кхеташо хилале хьалха.

Махмудов Джабраилна бехкаш дехкира журналист йеле хьалха шен вешица ИбрахIимца цунна тIаьхьа ваьлла леларна. ШолгIа цуьнан вешина Махмудов Рустамана иза йерна велла дIаваллалц чохь йаккха хан тоьхна.

Политковскаян гIуллакхехула таIзар дина хиллачех хIара шолгIа ву тIаьххьарчу эхашарахь маьршавалийтинчех. Лахьан-баттахь президенто Путина гечдира милцочунна Хаджикурбанов Сергейна. Колонихь даккха 20 шо хан тоьхнера цунна, 2034-чу шарахь арахеца везаш вара. Амма Украинехь тIом болийначул тIаьхьа тIамтIе вахара иза, иштта маьрша а ваьккхира.

  • Политковская Анна йийна карийра масех герзаца чевнаш йина 2006-чу шеран гIадужу-беттан 7-чохь, ша Москвахь йехачу Лесная урамера цIийнан чувоьдучохь. Цуна тIе а вахна, доьазза герз тоьхна хиллера иза йуьйчо, тIаьххьарниг коьртах а тухуш, журналист лифт чу йаьлча. Циггахь карийна охьатесна Макаровн тапча а, гильзанаш а. Леррина йийна иза, бохура талламчаша, "йукъараллин деккхар кхочушдарца доьзна". Иза йейтинарш каронза бисира.
  • 2014 шеран мангал-баттахь Москван гIалин кхело валлалц чохь йаккха хан туьйхира шина нохчочунна Махмудов Рустамна а, Гайтукаев Лом-Iелина а – журналист йер кечдинарг, кхочушдинарг и шиъ ву аьлла сацам бира кхелерчу тешаша. Гайтукаев набахтехь велира тIаьхьо.
  • Политковская Аннина тIехь тидам беш хьийзина волу Махмудовн ши ваша – ИбрахIим а, Джабраил а – 12, 14 шераш хенаш йиттина набахте хьажийра.
  • 2021 шеран гIадужу-беттан 7-хь "Новая газетин" журналист Политковская Анна йерна тIехула гIуллакх талларан хан чекхйаьлла. ХIинца а цIерш йевзаш боцу и йейтина нах жоьпаллех кIелхьарабевли, боху оцу зорбано. "Талламо шайн ма-хуьллу кху хене дIатоьттура и гIуллакх, хIунда аьлча, и йейтинарг – иза политика йу. Хетарехь, йоккха политика йу", – йаздира газетин коьртачу редакторан гIовсо Соколов Сергейс.