Нохчийн NIYSO боламо дIахьедина махкахь кхин а алсам нах лоьцуш, рейдаш йолийна аьлла. Каналан хаамашца, Нохчийчоьнан масех кIоштара хаамаш кхаьчна цаьрга. ЧIагIдарехь, лецна дIабигинчийн гергарчарна а цхьана кхерамаш туьйсу "уьш кхин цкъа а шайн бIаьрга гур бац шуна" бохуш.
Лач тоьшалла ду аьлла жигархоша Куьрчала кIоштарчу полицин декъан куьйгалхо волчу Агуев Рустаман ватсапан статусера хаам. Цу тIехь бина кхайкхам бу, шайн гергарнаш дIахецар доьхучу церан нахе бина: "Цхьана стага ма йазде соьга цхьаъ схьаваийта алий, сайн Iалашо со кхочушйина валлалц. Суна сайна дика хаьа, хьанна муьтIахь суо хила веза. Бисинарш мукъа бу. Хала а ма хета". Телеграм-каналан авторшна хетарехь, цунан дешнаша тоьшалла до чоьхьарчу гIуллакхийн дакъойн белхахоша лакхарчу хьаькамийн тIедахкарш кхочуш деш хиларх, низамо бохучунна тIех а буьйлуш.
Къаьстина хаамбина NIYSO-н тобанхоша Лаха Нойбера кхо вахархо лачкъийна вигарх, цаьргарчу хаамашца, масех де хьалха лецна бу уьш. Каналан информацица, лецнарш бу 23 шо долу Хасанов Маьхди а, цуьнан хIусамнана а, цуьнан ваша Хасанов Муса а. Церан лецарш дузу Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адамца.
NIYSO боламо кест-кеста хаамаш баржабо регионехь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх лаьцна, меттигерчу Iедалхоша цунах лаьцна дош ца олу. Йахначу гурахь махкарчу Лакхарчу кхело NIYSO-н телеграм- канал а, цуьнан авторш а "экстремисташ" бу аьлла, дIакхайкхийра. NIYSO-но Нохчийчохь нах лечкъош хиларх дуьйцуш хилла цхьадерг бакъдора тхан сайто а, бакъонашларйаран "Мемориал" центро а.
- Нохчийн NIYSO боламо де хьалха хаамбира СаIуда Iаьрбийчуьра цIа вогIуш хилла 40 шо долу Закариев Исмаил ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь лаьцна аьлла.
- Хьалхо полисхошца дов хилла Нохчийчуьра ши вахархо маьршаваьккхира ницкъахоша лачкъийна вигинчул тIаьхьа, социалан машанашкахь Кадыров Адамна баркалла элира цара, шаьш дIахецарна. NIYSO боламан хаамашца, шена девзаш хиллачу берашна мехкан урхалхочун кIанта кхерамзалла латтор йу аьлла хиллера.
- Цхьана дахначу шарахь, нохчийн жигархойн зерашца, кадыровхоша республикера лачкъийна бIе вахархо. Мел кIезиг а масех велла цара ницкъбина, бисинарш Украинана дуьхьал тIом бан хьовсийра.