Нохчийчохь лачкъийна вигина кхо вахархо Украине тIом бан хьажийна

Гуьмсера спецназан университетехь Iамош болу "лаамхой"

Хьалха-Мартанара Таьнги-Чу эвлара ницкъахоша лачкъийна вигина хилла кхо стаг Украинерчу тIаме хьажийна аьлла, дIахьедина нохчийн NIYSO боламо. Социалан машанашкахь церан йуьртахоша царна доIа дар доьхура. Жигархойн хаамашца, охан-баттахь дуьйна дуккха а махкара нах леца болийна.

Вуьйцург ву 18 шо долу Лабазанов Дени а, 19 шераш долу Кагерманов Абубакар а, Даутмерзаев Дени а. NIYSO-н векалша дийцина, уьш берриш а телефонаш талла Iалашонца дIабигина бара аьлла. Ткъа цхьаннан телефона чохь Оьрсийчоьно йихкина материал карийнначул тIаьхьа, цаьрга тIеман министраллица контракт йейтина, кегийрхой тIаме дIабига кечбина бу.

Лачкъийначийн гергарчара а, йуьртахоша а WhatsApp-хь статусаш хIиттийнера оцу кIентийн цIераш а йохуш, могуш-маьрша цIа доьрзийла шу аьлла, йаздина. Боламо билгалдаккхарехь, ишта гIуллакх нисделча массарна а гуш-хезаш цу кепара йозанаш дитар наггахь бен хуьлуш дац.

NIYSO боламо кест-кеста хаамаш баржабо регионехь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх лаьцна, меттигерчу Iедалхоша цунах лаьцна дош ца олу. Йахначу гурахь махкарчу Лакхарчу кхело NIYSO-н телеграм- канал а, цуьнан авторш а "экстремисташ" бу аьлла, дIакхайкхийра. NIYSO-но Нохчийчохь нах лечкъош хиларх дуьйцуш хилла цхьадерг бакъдора тхан сайто а, бакъонашларйаран "Мемориал" центро а.

  • Нохчийчохь бахархой дIабига болийна ницкъахоша аьлла, дийца долийначу йуккъехула Куьрчала кIоштарчу полицин декъан куьйгалхо волчу Агуев Рустаман ватсапан статусехь йаздинера, шайн нах маьршабахара аьлла дехар дечу нахана лерина: "Цхьана стага ма йазде соьга цхьаъ схьаваийта алий, сайн Iалашо со кхочушйина валлалц. Суна сайна дика хаьа, хьанна муьтIахь суо хила веза. Бисинарш мукъа бу. Хала а ма хета".
  • Цхьана дахначу шарахь, нохчийн жигархойн зерашца, кадыровхоша республикера лачкъийна бIе вахархо. Мел кIезиг а масех велла цара ницкъбина, бисинарш Украинана дуьхьал тIом бан хьовсийра.