Нохчийчохь некъан бохамехь меттигера вахархо велла ницкъахочун карах- NIYSO

Гайтаман сурт

Нохчийн NIYSO боламо хаам бина махкара вахархо ницкъаллин структурийн белхахочун карах некъан бохамехь кхалхарх лаьцна. Жигархоша кест-кеста хаам бо регионехь адамийн бакъонаш талхош хиларх а, цхьацца хиламаш цигахь хуьлуш хиларх. Меттигерчу Ӏедалша а, пачхьалкхан хаамийн гӀирсаша а царах лаьцна дуьйцуш дац. Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело NIYSO "экстремистийн организаци" йу аьлла дӀакхайкхийна.

Боламо дийцарехь, бохам хилла мангал-беттан 3-чу дийнахь Ахмат-Юьртахь, Мовсар цIе йолу, ВАЗ-21099 машенлелорхо велла. Жигархоша чӀагӀдо, инзаре чехка хаьхкина йогIу "Оьрсийчоьнан рожан векалан" машен цуьнан машенах кхетта бохуш. Мовсарца цхьаьна машен чохь цуьнан бераш а хилла, уьш дийна дисина, амма кеп-кепара чевнаш йина ду.

NIYSO-н хаамашца, велларг ваьхначу БIачи-Йуьрта баьхкина хилла бехкеволчун гергара нах а, администрацин белхахой а кху беттан-4-чохь. Цара Мовсаран доьзална тIедожийна некъан бохамана кьугбехке волчунна гечдар, и тIевитар.

"Цхьана а кепара жоьпалла цунна тIе диллина дац. Иштта болх беш ма дуй нохчашлахь Оьрсийчоьнан низамаш. МогIарерчу бахархошна таIзар до, уггар шога, ткъа рожаца боьзначу нахана, цхьана а кепара низам дац", - дIахьедина жигархоша.

Нохчийчуьра Iедалхоша хиллачух лаьцна аьлла дош дац.

  • Стигалкъекъа-баттахь, NIYSO-но дIахьедарца, Соьлжа-ГIалахь некъан бохамехь ницкъаллин структурийн белхахойн бехкана велира 62 шо долу Вазархонов ТIахIир. Дронна тIаьхьабевллачу заманчохь кадыровхоша шайн машен цуьнан машенна тIетоьхнера.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентан Кадыров Адаман Соьлжа-ГIалахь некъаца бохам хиллачул тIаьхьа Iонжар дIадаьккхина. 18 шо долчу кIентан иштта лазийна бIаьрсинан пха а, чIагIдо "Новая газета Европа" хьосто.