Нохчийчохь пачхьалкхан берийн реабилитацин центр КадыровгIеран цIартIе йаьккхина

"Дарба Кидс", Кадыров Рамзанан телеграм-каналера суьртан скриншот

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана йовзийтина Соьлж-ГӀалахь йеш йолу "Дарба Кидс" цIе йолу дарбанан а, реабилитацин а центр берашна лерина пачхьалкхан реабилитацин центр йолуш санна. Амма, "Верстка" интернет-гIирсана билгалдаьлла, ма-дарра дийцича, иза долара клиника хилар, шен йишин кIентан Закриев Якъубан гIоьнчана тIе йазйина.

Кадыров хилира и центр хьалайечу меттигехь мангал-беттан 10-чу дийнахь, шен кӀентий Адам а, Ахьмад а, республикан премьер-министр Даудов Мохьмад а улло ваьккхина. "Дарба Кидс" Черноречера хинйистехь йеш йу, цу йукъа йогӀур йу пхи гӀишло, шайна йукъахь клиника а, дийнахь берашна хан дIайахьа меттиг а болуш.

Мехкан урхалхочо хаамбина, "ша цхьаъ бен йоцу пачхьалкхан социалан хьукмат хир йу и дегIа тIе ца хIитталучу а, ДЦП йолчу а, маттаца паталоги йолчу а, бIаьрса доцчу а, къора долчу а, ишта психикан лазарш долчу а берашна лерина" аьлла.

"ХIинца царна оьшур дац доларчу клиникашка, йа луларчу мехкашка лела, кхузаманан гIирсаш болуш, маьхза реабилитаци йеш меттиг хир бу кхузахь", - дIахьедина Кадыровс шен телеграм-каналехь.

"Версткан" зерашца, оцу центран долахо йу аьлла 2025-чу шеран марсхьокху-баттахь дIайазйина йу 34 шо долу Садаева Асет. Мел лахара а 2020-чу шарера 2025-чу шаре гергга алапа оьцуш хилла йу иза Соьлжа-ГIалин мэрихула. Нехан телефонаш чохь цуьнан номер дIайазйина йу "Закриев Якъубан секретариат", "Закриевн гIоьнча" аьлла. Закриев Якъуб- Кадыров Рамзанан йоккхаха йолчу йишин воI ву. 2018-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц Соьлжа-ГIалин мэр лаьттира иза, ткъа 2023-чу шарахь "Данон Россия" компанин урхалле хIоттийра иза.

Нохчийчоьнан Iедалхоша дIахьедарца, центр йан ахча делла Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо. Цу проектан куратор йу Нохчийчоьнан урхалхочун 23 шо долу йоI Кадырова ХутIмат.

  • Кадыровн гергарчарна а, цара хьалхатеттинчу нахана а тIейазйинчу медицинан организацех цхьаъ хилла ца а "Дарба Кидс". Кадыровн хӀусамненан Меднин долахь йу, масала, Соьлжа-ГIалара "Аймед" клиника.
  • Danone комапни Оьрсийчуьра дIайахарх доккха совгIат хилира Кадыров Рамзанан гонна. Йоккхачу дисконтца и бизнес ишта а йохка дагахь хиллера Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчу нахана. Маршо Радион оьрсийн сервисан талламхойн проектана а, Настоящее Время проектан "Системина" а къаьстира, цуьнан заводаш кадыровхошна маьхза кхачарх лаьцна. Компани шайн дола йаьккхинчул тIаьхьа кадыровхоша бизнеса йукъара бехира партнераш, тIаккха ахча а, активаш а шайга йерзийра.