Нохчийчохь зорбанан белхахошна йинчу конкурсана 20 млн сом духкур ду

Нохчийчоьнан Iедало бюджетера 10 млн сом духкур ду республикан куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан цIарах леринчу журналистийн "Золотое перо" цIе йолучу конкурсана. Дахначу шарахь пропагандин конкурсана хьажийначул а кIезиг ду иза, амма хьалхалерчу шерашкахь хиллачул а алсам ду.

Конкурсан коьрта совгIат – 750 цIаналла йолу, лаххара а 50 грамм дешех йина дашо мас йу. Ишта толам баьккхинчунна лур ду миллион сом, ткъа 10 номинацехь толам баьккхинчарна 100 эзар кхачор ду, аьлла билгалдаьккхина конкурсан кехаташкахь. Декъашхошна лерина кечъйийр йу концертан программа, кхечу регионашкара веана 25 хьаша дIатарвийр ву хьешан цIийнахь, царна лело иттанашкахь машенаш лоцур йу. Цул совнах, жюри кхайкхийначу шийтта хьешана 200 эзар сом ахча а лура ду, кхин а 150 эзарнаш лураду – Нохчийчуьра бархI жюрин декъашхочунна.

2020-чу шарахь Кадыровн цIарах конкурс хIоттийнарг йара совдегар Тушиева ПетIамат – бизнесхо санна дIайазйеллера иза тендер кхайкхайалале кхо кIира хьала, масех тендер йелира цунна Нохчийчоьнан Iедалера 70 млн соьмал сов, йуха юридикан бакъонера ша дIа йаьккхира цо202I-чу шеран аьхка.

2021-чу шарахь "Золотое перо" дIайахьа тендер йаьккхира бизнесхо йолчу Элимбаева Себилас – цунна кхечира Нохчийчохь пачхьалкхан 36 контракт 100 млн соьмана герга долу, 2022-чу шеран заздоккху-баттахь шен юридикера цIе дIайаьккхира цо. Дахначу шарахь конкурсехь толам баьккхина совдегар Батукаев Рахьман карарчу хенахь а волуш ву – иза хIинца а ву жигара дакъалоцуш Нохчийчоьнан Iедалан цIарах оьшург оьцучохь дакъалоцуш: йуьйцург йу 200 млн соьмал сов йолу 75 тендер.

  • Кавказ.Реалиино йаздира Кадыров Ахьмадан культ йаржош хиларх: республикехь цуьнан цIарах бу 300 сов урам, Соьлжа-ГIалара коьрта майда, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназеш, аэропорт, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан дог" маьждиг, Росгвардин полк. Оцу полкан ларми чохь дуккха а нах байина аьлла, йаздира "Новая газето". Кадыровн-воккхахволчун цIарах хийцира ЦIоьнтара – Ахмат-Йурт аьлла. Цул совнах, республикехь йу футболан а, латархойн а клубаш, иштта Кадыров Ахьмадан цIарах фонд, 2020-чу шеран гIуран-баттера схьа дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин санкцийн тептарехь йу уьш. Кадыровн портреташ дукху хуьлу Соьлжа-ГIалин урамашкахь.
  • 2024-чу шарахь Кадыров Рамзана тIедиллира меттигерчу телеканалийн белхахойн алапа тIетохар, царна гIоьнна цкъа луш долу 100 эзар сом декъар а. Формалехь совгIаташ дар леринера телехьожийлан Денна, делахь а, бакъоларйархошна хетарехь, оцу кепара Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхина бюджетан зорбанан гIирсийн белхахойн къаьсттина муьтIахь хилар.
  • Нохчийчуьра пачхьалкхан пропагандо кест-кеста пайдаоьцу арахьарчу мехкашкарчу спикерех, Украинана тIелатарна Оьрсийчоь бехказайаккха хьийзаш. Америкахойн шоу йукъара Iедалхошна критика йен кийсакаш, малхбузера политикийн къамелаш дар кест-кеста гучудоху республикан хьаькамийн а, пачхьалкхан зорбанийн а агIонашкахь. Спикерийн цхьана декъан шеконе репутаци йу шайн пачхьалкхашкахь а, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа.