Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Ахьмадан орден елла культуран министр йолчу шен йоIана Iайшатана

Кадырова Iайшат

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикан культуран министр болх беш йолу шен йоIанна регионера лаккхара совгIат делла – Кадыров Ахьмадан цIарах орден.

Цунах лаьцна шен телеграмерчу каналехь дийцина Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада, цо билгалдаьккхина Кадыровас "культуран сфера кхиорехь" лаьцна долу "доккха дакъа".

  • 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь хIоттийра 22 шо долу Кадырова Iайшат культуран министр.
  • 2021-чу шеран ГIуран-баттахь Кадырова Iайшатана "Адамийн бакъонаш ларъярна" мидал елира.
  • Адамийн бакъонаш шогачу кепехь хьешарна Американ Пачхьалкхан департаменто Кадырова Iайшатана тIе дIаяхйира 2020-чу шеран аьхка Кадыров Рамзанна дуьхьала яьхна хилла санкцеш.
  • Кадырова Iайшатан хьал 2021-чу шарахь 50-зза сов кхиъна – 845 эзар соьмана тIера 44 миллионе кхаччалц. Кадыров Рамзана шен телеграм-канале хIоттийначу шен йоьIан кертахь яьккхинчу видео тIехь гуш ю уьйтIахь дIахIоттийна Lamborghini Urus машен, иза яц хьаькамо официалехь чуеллачу деклараци тIехь. Иштта 2021-чу шарахь Нохчийчоьнан культуран министран долахь 1 617 квадратан метарш йолу доккха цIа а, ялх бIе метр лаьтта тIехь ши хIусам а гучуелира – оцу боллу бахаман мах хила тарло 50 миллион сов сом.