Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалаца официалехь хьалхатеттина Кадыров

Кадыров Рамзан

Йуха а дакъалоцур ду Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан урхалхочун харжамашкахь, цуьнан кандидатура къобалйина "Цхьааллин Оьрсийчоь" партино. ХIара 19 шо а ду Кадыров Нохчийчоьнан куьйгаллехь волу, кху шарахь дуьххьара партин лидершлахь волчуьра дуьххьара дIаваьккхира иза.

Карарчу хенахь мехкан урхаллехь волу иза кху шеран гезгамашин-баттахь дIахьонболчу харжамашкахь дакъалаца хьалхататтарх дIахьедира мехкан премьер-министро Даудов Мохьмада. Хьалхо цуьнан кандидатура къобалйира ишта президенто Путин Владимира а.

ХIинццалц хиллачу харжамашкахь а толам боккхура Кадыровс. 2016-чу шарахь, официалан хаамашца, 98% харжамхоша кхаьжнаш теснера цунна; 2021 шарахь 99,7%. Цу йукъана регионехь бозуш боцу тергамхой бац, Ӏедалша дIахьедо цуьрриг а низам дохийна меттиг боцуш, кхаьжнаш туьйсу бохуш. Ткъа бюджетан белхахой а, эскархой а декхаре бо кхерамаш а туьйсуш кхаьжнаш тийса, эксперташа дIакхийкхадо харцонаш лелорах кхаьжнашца. 2024-чу шеран зазадокху-баттахь, президентан харжамаш боьлхуш, Ӏедалан белхахой масийттазза автобусашца харжамийн каппашка кхачабора йух-йуха кхаж тасийта.

  • 2025-чу шеран дечкен-баттахь Кадыров Рамзан а воцуш дIайаьхьира Москвахь урхаллин партино шен съезд. Официалан боцчу хаамашца, мехкан урхалхо дарба доцу лазар токхуш ву, амма цо ша и бакъ ца до. Москвахь урхаллин партино шен съезд. Официалан боцчу хаамашца, мехкан урхалхо дарба доцу лазар токхуш ву, амма цо ша и бакъ ца до.
  • Карарчу хенахь 49 шо долу Кадыров Рамзан цомгуш ву бохуш, тӀечӀагӀбанза хаамаш баьржина лела 2019-чу шарахь дуьйна. 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь цуьнан критикаша чӀагӀдора, иза кхетамчуьра ваьлла бохуш. Стохка бIаьста «Новая газета Европа» газето йаздира, нохчийн куьйгалхо "панкреатикан некроз" йолуш веха масех шо ду аьлла. Цу хаамашна йуккъехула Кадыровс масийттазза зорбане йохура, ша могуш хиларх тоьшалла дан гIерта видеош. Цу Ӏалашонца тайп-тайпана спортан упражненеш йо цо. Кадыровс бохура, хӀора кхо бутт мел болу "капремонт" йо.
  • "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин тептаран коьрте ваьккхина Нохчийчохь регионан кхин векал. Иза ву Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думан депутат волу Саралиев Шамсаил. Цул тӀаьхьа бу цуьнан белхан накъостий Лечхаджиев Руслан а, Догаев Ахьмад а, цул тӀаьхьа республикан премьер-министр Даудов Мохьмад а, цуьнан хьалхара гӀовс Тумхаджиев Ӏийса а, администрацин куьйгалхо Таймасханов ГӀалас а. Депутат Делимханов Адам Нохчийчуьрчу цхьана мандатан гонехь партин кандидат хилла дӀахӀоьттина.