Нохчийн NIYSO боламо дIахьедина СаIуда Iаьрбийчуьра цIа вогIуш хилла 40 шо долу Закариев Исмаил ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь лаьцна аьлла. Цара дийцарехь, Закариев Дагестане веана кеманахь, цигара машенахь Нохчийчу дIаваха дагахь. Амма аэропортехь лацна иза Соьлжа-ГIала дIавигина ницкъаллин структурин белхахоша. Иза стенгахь ву а, цунах хилларг а, хIара хаам зорбане боккхучу заманчохь къастаза дуьсу, бакъоларйаран органаша хаамех лаьцна гIарадаьккхина дац.
NIYSO боламо дийцарехь, политикаца воьзна воцуш стаг ву Закариев, бусалба динехь дарба а деш, шен доьзал кхобуш, жигархоша ма-боххура "шен меттан дола деш" хилла стаг ву иза.
NIYSO боламо кест-кеста хаамаш баржабо регионехь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх лаьцна, меттигерчу Iедалхоша цунах лаьцна дош ца олу. Йахначу гурахь махкарчу Лакхарчу кхело NIYSO-н телеграм- канал а, цуьнан авторш а "экстремисташ" бу аьлла, дIакхайкхийра. NIYSO-но Нохчийчохь нах лечкъош хиларх дуьйцуш хилла цхьадерг бакъдора тхан сайто а, бакъонашларйаран "Мемориал" центро а.
- Охан-беттан 19-чохь нохчийн NIYSO боламо дIахьедира кадыровхоша мел лахара а махкара йалх вахархо лаьцна хиларх, бу бохура царлахь гIеметтахIоттина нах а.
- Хьалхо полисхошца дов хилла Нохчийчуьра ши вахархо маьршаваьккхира ницкъахоша лачкъийна вигинчул тIаьхьа, социалан машанашкахь Кадыров Адамна баркалла элира цара, шаьш дIахецарна. NIYSO боламан хаамашца, шена девзаш хиллачу берашна мехкан урхалхочун кIанта кхерамзалла латтор йу аьлла хиллера.
- Цхьана дахначу шарахь, нохчийн жигархойн зерашца, кадыровхоша республикера лачкъийна бIе вахархо. Мел кIезиг а масех велла цара ницкъбина, бисинарш Украинана дуьхьал тIом бан хьовсийра.