Норвегин Вестланн гонашкарчу Iедалша административан кепехь таллам болийна Нохчийчуьра 14 шо долу йоI йеллачул тIаьхьа социалан хьукматийн хьокъехь. Гергарчаьргара схьадаьхна бераш латточу центрехь оьшу хьелаш йоIана хIиттийна хиллий хьовсуш бу уьш. Тхан редакцига цунах лаьцна хаам бина регионан администрацино шайга официалехь дахьийтинчу кехатна жоп луш.
"Уггар хьалха, тхуна массарна а цатам баьккхина, хилла бохам бу вай буьйцург, тхо дукха лерина цунна тIе тидам бахийтина дохкуш а ду. Административан таллам дIахьочу йукъанна тхан бакъо йац кIорггера цунах лаьцна дийца. Оха хаамаш гулбеш бу, хьакъ йолу терго йеш хиллий цу йоьIан хьовсуш. Карарчу хенахь тхан олийла дац, мел хан оьшу таллам бан, низамаш талхийна меттиг буй тIекхиа а", - хаамбина редакцига Вестланнан администрацино.
Марсхьокху-беттан 5-чохь норгийн Берген гIалара Нохчийчуьра кхаьчначу доьзалера кхо бер схьадаьккхина, цхьа йоI а, ши кIант а, социалан центре дIадигира. Дас-нанас доьзал гIелонехь латтош бу аьлла, бехкбиллинера царна. Кхело кхаа кIиранна лаьцна дитира и шиъ, тIаьхьо хан кхин а кхаа кIиране дIайахйинера. Гезгамашин-беттан 9-чу дийнахь цхьа бохам нисбелла, йоI дарбан цIийне дIайигира, масех де даьлча иза кхелхира университетан Хаукеланд цIе йолчу дарбан цIийнехь.
Нохчийн омбудсменан Солтаев Мансуран телеграм-каналехь йеллачу йоьIан деца хилла къамел дIасадаржийра. Цо дуьйцу, марсхьокху-беттан 5-чохь ша а, шен хIусамнана а полицино дIадигира, йоIана тоьхна бохуш, хаам кхаьчна шайга аьлла. Гезгамашин-беттан 18-чу дийне кхаччалц лаьцна дита дезаш дара и шиъ, амма гезгамашин-беттан 9-чохь дIахийцира, церан йоI кхетамчуьра а йаьлла, дарбан хIусамехь йу аьлла. Дена-нанна а хууш дац билггал хилларг. Полицино талла долийна йоI йалар. Карарчу хенахь социалан хьукматаша дIавигина шайн важа ши кIант доьзале йухаверзо хьийза да-нана.
Хьалхо Солтаевс дIахьедира, Оьрсийчуьрчу нехан бакъонаш Iалашйан векал йинчу Лантратова Яне а, арахьарчу гIуллакхийн министралле а дIахьеда лерина ву ша аьлла. Оьрсийчуьра Iедалхошкара оцу гIуллакхан хьокъехь кхин хIара аьлла комментареш йац.
- Социалан хьукматаш а шайгара толлуш ду гIуллакх. Ненан адвокато Надь Мольвера бахарехь, "массо а тIулга буха хьаьжна а" шайн йоI кхалхар нийсонца толлур ду аьлла, доьзал сатесна бу, далийна цуьнан дешнаш ВА агенталло.
- Нохчийн омбудсмено Солтаев Мансура дIахьедира, Къилбаседа Кавказера зударий дукха лерина Iалашбеш бу, йукъараллехь цара коьртера меттиг дIа а лоцу аьалла. Иштта цо кест-кеста олу, Нохчийчуьра бахархойн бакъонаш а, маршо а Iалашйеш йу, ткъа бакъонашларйархоша бертаза леца а лоьцуш, бахархой Украинерчу тIаме хьийсабо, къайлахчу набахттешкахь нах латтабо, "сий лардеш" зударий бойъу бохуш дуьйцург малхабалерчу къайлахчу сервисинй питанаш ду бохура цо.