Норвегехь бехачу нохчийн доьзалера схьайаьккхина хилла йоI кхелхина

Норвегин полици

Нохчийчуьра доьзалан да-нана лаьцна берашна тIехь гIело латтийна цара аьлла, ткъа церан 14 шо долу йоI Берген гIаларчу центрехь латтош хиллера. Масех де даьлча и йоI йелла университетан Хаукеланд цIе йолчу дарбанан цIийнехь. И гIуллакх нисделла масех де даьллачул тIаьхьа оцу дарбанан цIийнехь кхелхина йоI. Цуьнан цIе а, иза мича бахьанаца кхелхина а дуьйцуш дац.

Меттигерчу ВА агенталло марсхьокху-беттан йуьххьехь хаамбира оцу доьзалан да-нана кха кIиранна хан а тоьхна, лацарх лаьцна, дийцарехь цу шиннан 50 гергга шераш ду. Цара бакъ дац боху, шаьш доьзалехь берашна тIехь ницкъ бора бохург. Талламан тIедилларца, бераш гар а, цаьрца зIе латтор а доьхкуш, кхело церан йоI социалан хьукмате дIакхачийра. Берашна тIехь Iуналла латтош йолу хьукмат йу иза, цигахь Iедало схьадаьхначу берашка хьовсуш хуьлу говзанчаш.

Хьалхо тоьхна хан чекхйаьлча, кхело кхин а кхаа кIиранна чохь дитина доьзалан да-нана. Церан 14 шо долу йоI йелла университетан Хаукеланд цIе йолчу дарбанан цIийнехь, гезгамашин-беттан 9-чохь цхьа сингаттам Iоттабелла масех де даьлча, хаамбира NRK сайто. Ткъа хилларг билггал хIун дара а, цкъачунна къаьстина дац.

Полицино толлуш ду гIуллакх, социалан хьукматаша а шайггара таллам болийна цу хьокъехь. ЙоьIан да-нана лаьцна дуьтуш ду кхин дIа а. Ненан адвокато Надь Мольвер Лидияс бахарехь, "массо а тIулга буха хьаьжна а" шайн йоI кхалхар нийсонца толлур ду аьлла, доьзал сатесна бу, далийна цуьнан дешнаш ВА агенталло.

ЙоI йалар бакъ ду аьлла, тоьшалла дира тхан редакцига нохчийн диаспорехь болчара а. Доьзалера ишта схьаваьккхина хилла ши кIант а. "Диаспорин векалш, Къанойн кхеташо а, бакъонашларйархой а, зударийн бакъонаш Iалашйен Комитет, тхо массо а тидам тIе а бахийтина, бакъдерг гучудаккха хьийза", - аьлла тхоьца къамел динчу вахархочо, шен цIе а ца йоккхуш.

Оцу хьолах лаьцна ишта комментари йира нохчийн омбудсмено Солтаев Мансура а. Цо дIахьедина, Оьрсийчоьнан бакъонашларйархочуьнга Лантратова Яне а, арахьарчу гIуллакхийн министралле а дехар дан дагахь ву ша, оцу гIуллакхан йист йаккхар доьхуш аьлла. Тхан редакцино официалехь хеттарш дахьийтина Норвегин полицига а, социалан хькукматашка а хиллачух лаьцна.

  • Бусулбачу мухIажарийн доьзалашкара бераш схьадоху, церан дай-наной "ЛГБТ-на дуьхьал хиларна"- цунах лаьцна дIахьедира нохчийн Iедалхоша меттигерчу телеканалан эфирехь. Хьаькамашна хетарехь, Европехь берашца ваха хала ду, къаьсттина скандинавийн пачхьалкхашкахь кхераме ду. Мел бух болуш ду хIара чIагIдарш аьлла, Тхан редакцино дийцаредира Норвегира а, Швейцарера а, Францира а, Бельгира а, Германира а бакъонашларйархошца а, эксперташца а.
  • Нохчийн омбудсмено Солтаев Мансура дIахьедира, Къилбаседа Кавказера зударий дукха лерина Iалашбеш бу, йукъараллехь цара коьртера меттиг дIа а лоцу аьалла. Иштта цо кест-кеста олу, Нохчийчуьра бахархойн бакъонаш а, маршо а Iалашйеш йу, ткъа бакъонашларйархоша бертаза леца а лоьцуш, бахархой Украинерчу тIаме хьийсабо, къайлахчу набахттешкахь нах латтабо, "сий лардеш" зударий бойъу бохуш дуьйцург малхабалерчу къайлахчу сервисинй питанаш ду бохура цо.