"Новая газетан" куьйгалхочо Талламан комитете а, Инарла прокуратуре а латкъам бина Кадыровн тӀамах къамелаш бахьана долуш

Кадыров Рамзан а, Путин Владимир а

"Новая газета" кхоьллинчех цхьаммо, Нобелан совгӀатан лауреат волчу Муратов Дмитрийс арз чуделла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Оьрсийчоьнан Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовс волчу Медведев Дмитрийс а, кхечу хьаькамаша а Украинана дуьхьал тӀом боьдучу хенахь зарратан тохар дан деза аьлла, дина дӀахьедарш таллар доьхуш.

Цу латкъаман йуьззина текст зорбане йаьккхина газетан сайта тӀехь. Къаьсттина Муратовс латкъам бина 2022-чу шарахь гIадужу-беттан 1-чу дийнахь Кадыровс дозанца йолчу кӀошташкахь тӀеман раж кхайкхор а, кӀезиг ницкъ болу зарратан герз лелор а хьоьхуш, динчу къамелашна.

Муратов Дмитрийс бахарехь, Кадыровн дешнашкахь массарна дIахазош шога тӀом болор хьоьху, ткъа цу дIахьедарца зуламан билгало йу.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграм-каналехь зорбане даьккхира и дӀахьедар, Йуккъерчу тӀеман гонан буьйранчин инарла-полковникан Лапин Александран леларна критика йарца цхьаьна. Бутт баьлча цул тIаьхьа Лапин дехьаваьккхира Оьрсийчоьнан лаьттан эскарийн коьрта буьйранчин хьалхара гӀовсан дарже; хӀинца Ленинградан тӀеман гонашкарчу эскаран куьйгалла деш ву иза.

Амма Кадыровс дуьххьара зарратан герзаца кхерамаш тийсира 2022-чу шеран охан-баттахь. ХIетахь шен телеграм-каналехь цо йовзийтира тIом муха бан беза хьоьхуш шен план: "Сайга хаьттича, ас цкъа хьалха Луганск, Донецк цӀанйийр йара, тӀаккха кхин дIа болх бийр бара. ДIахьедийр дара, цхьа йолахо Украинехь хилахь, тактикан зарратан тохар билгалчу меттигашкахь дан деза, цаьрга забарш ца йайта".

  • Гезгамашин-баттахь хир болчу рогӀерчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалаца "ца ваьллачу денна" шен кандидатура хьалхатеттина Кадыров Рамзана. «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин конференци дӀайаьллачул тIаьхьа политико дIахьедира цунах лаьцна, цигахь массо а реза а волуш, къобалвира иза. Амма Кадыровс цу регионан куьйгалла дечу 19 шарахь дуьххьара Пачхьалкхан Думан харжамашкахь Ӏедалехь йолчу партин тептарехь хьалхарчу меттехь ца хилира иза. Вацара иза ишта Москвахь харжамел а хьалха хиллачу съездехь а. Тхан редакцино хаьттира говзанчашка, хӀун маьӀна долуш гойту цо мехкан урхалхочун хьал, мехкан Iедалехь хийцамаш хила тарлуш дуй а.