Оьрсичоьнан арме хьажийна 500 нохчийн кегийрхо

Нохчийчоь -- Нохчийн кегийрхой Оьрсийчоьнан арме дIахьажочу церемонехь дакъалоцуш ву Кадыров Рамзан, Лахьан-бутт 17, 2014

Нохчийчохь дIайоьрзуш ю кегийрхой Оьрсийчоьнан арме бигаран компани. Нохчийчура тIеман комиссариатан векалша дийцарехь, КIилба ТIеман гонехь долчу эскаран дакъошка хьажийна 500 жима стаг.

Your browser doesn’t support HTML5

Оьрсичоьнан арме хьажийна 500 нохчийн кегийрхо

Болчу хаамашца, цара гIуллакх дийр ду Майкопехь а, Буру-гIалахь а, Волгоградехь а, Севастополехь а, ткъа иштта ГIирмехь кхечу меттигашкахь а дIатардинчу Оьрсийчоьнан армин дакъошкахь.

1992-чу шарахь дуьйна 2013-гIа шо тIекхаччалц Нохчийчура кегийрхой буьгуш бацара Оьрсийчоьнан арме. 2001-чу шарахь зер хилира, нохчийн къомах волу 70 кегийрхо Оьрсийчоьнан эскаре а кхайкхина.

Республикарчу тIеман комиссариато уьш дIахьовсийра Москох тIеман гонехь йолчу мотогIашсалтийн бригаде спортан роте. Амма масийтта бутт балале уьш берш юхаберзийра Нохчийчу. Цуьнан бахьана дара эпсаршца а, кхечу къомах болчу салташца а церан девнаш дийлар.

Кхин а 6 шо даьлча, 2007-чу шарахь хаамаш баьржира нохчийн кегийрхой юха а арме буьгуш бу республикел арахьа долчу тIеман дакъошка аьлла. И бахьана долуш Соьлж-ГIалахь хилира масийтта дуьхьалонан акци.

Кху деношкахь шайн бераш, Нохчийчура ара а даьхна, арме дуьгуш хиларна дуьхьала акце араваьлла стаг гина вац цхьанне а. Делахь а кхеташ дац муха хьожу цу гIуллакхе Нохчийчура бахархой. Кхеташ дац хийца елла цера ойла кху тIаьхьарчу 10 шарахь, я уьш хIинца а саготта бу шайн кIентий шишша-кхоккха стаг Оьрсийчурча тIеман дакъошка дIахьежош хиларна.

Нохчийчура арахь долчу тIеман дакъошкахь гIуллакх деш болу нохчийн кегийрхой муьлхачу хьолехь бу гойтуш ю, масала, хIара YouTube-хь хьажа аьтто болу видео.

Амма даиман а ца хуьлу иштта. Кху деношкахь социалан машанашкахула лелаш яра шина нохчийн салтичо шаьшшиъ эпсарша хьийзаво бохуш Кадыров Рамзане гIо доьхуш яьккхина яьккхина видео.