Нускал далош йогIу машенаш лахйийр йу ГIалгIайчохь - кхо стаг а вуьйш некъан бохам хиларна

Гайтаман сурт

Нускал далон йохуьйтучу машений терахь лахдан Iалашонца дийцарш деш ду ГIалгIайчохь Iедалхоша къанойн Кхеташонца цхьаьна. Масала, нускал далош йогIучу коврана йукъара машенаш лахйан а, некъан низамаш лардайта а барамаш йукъабаха тарлуш ду цара. Марсхьокху-беттан 24-чу дийнахь хилла некъан хьовзам бахьана долуш, бина сацам бу иза. Нускал далош йогIучу машенашна йукъара Mercedes машен некъа тIера а йаьлла, диттах кхеттера. Ши стаг велира оцу сохьта, кхин а шинна чевнаш йинера, ткъа кхин цхьа зуда кхелхира тIаьхьо дарбанан цIийнехь.

Мехкан урхалхочуьнца Калиматов Махьмуд-Iелица хиллачу цхьанакхетарехь къаноша дийцира, Пачхьалкхан инспекцин тIедахкарш оцу коврашна йукъарчу машенлелорхоша лардеш цахиларх, машенийн куьзганашна тIе Iаьржа пардош летийна хиларх, чекха хехкарх, кхечу некъахошна а, машенлелорхошна а кхерам латтош хиларх а.

ХIара доцург, кхин цхьа ирча бохам а нисбелира марсхьокху-беттан 23-чохь ГIалгIайчохь: хетарехь, нускал далош йогIучу машенашна йукъара лоьмарш йоцчу шина «Приорина» тIаьхьабевллера полисхой. Цара машен сацайе бахарх, ладоьгIна ца хиллера, тIаккха машенийн чкъургех герз тоьхнера цара. Ларамза тоьпан хIоъ кхетта, цу машена чуьра 11 шо долу кIант велира.

  • Цу кепара бохамаш дукха нислора республикехь хьалха а. 2020-чу шеран гезгамашин-баттахь иштта нускал далош йогIучу коврана йукъара цхьа машен дуьхьал оьхучу машенийн некъатIе а йаьккхина, и бахьана долуш кхечу машена тIе кхеттера. Цхьана хIусамера кхо стаг велира хIетахь. Цул тIаьхьа динан дайша а, къаноша а дихкира ловзаршкахь герз кхийсар а, некъаца низамаш дохор а, ишта тIедожийра нускална тIаьхьа йиъ машен бен ца йахийтар а. И низамаш ца лардинчунна гIуданаш йукъадехира, ткъа и ахча къоьллехь болчу доьзалашна дIа а хьажош.
  • И дехкарш гуттар а лардеш дац, йаздира тхан редакцино. Оццу 2020-чу шархь ГIалгIайчохь нускал далочу заманчохь кхоьсина хиллачу герзан хIоъ кхеттера цхьана машенлелорхочун гIовланех, ткъа Малгобекехь ларамза лазийра пхи шо долу бер. Марсхьокху-беттан йуьххьехь кху шарахь Карабулакехь лецира меттигера вахархо, ловзаргахь хIаваэ герз детташ хиллера иза.