Оьрсийчохь уггар лахара алапаш оьцу Нохчийчуьра хьехархоша

Гайтаман сурт

Доьдучу шеран хьалхарчу эхашарахь динчу зерашца Нохчийчохь хьехархойн уггар лахара алапаш хилар хааделла Росстатан лараршца – цигахь школерчу хьехархочун алапа юккъерчу барамехь 26,7 эзар сом ду баттахь. 57 эзар сом баттахь нислучу Оьрсийчохь болчу юккъерчу барамел а шозза сов лахара ду и.

Йоллу 85 регионашлахь (Оьрсийчоьно аннекси йина ГIирма а, Севастополь а ю цу юкъахь)лахара хьала шолгIачу а, кхолгIачу меттигехь ю ГIалгIайчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, цигахь хьехархоша оьцу юккъерчу барамехь 30 эзар сом баттахь.

ГIад дайначу итт регионийн могIаршкахь ю иштта Къилбаседа Кавказан йиссина республикаш – ГIебарта-Балкхаройчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а, Дагестан а. 36,7 эзар сом баттахь оьцу Ставрополан кIошт лахара хьала 11-чу меттигехь ю.

Оьрсийчоьнан къилбехь уггар лакхара алапаш ду Ростовн кIоштара хьехархойн – юккъерчу барамахь 44,5 эзар сом оьцу баттахь; регионех хIоттийначу рейтингехь 51-чу меттигехь ю регион.

  • Хьалхо гезгмашин-баттахь Кавказ.Реалиино хаамбира, Нохчийчуьра хьехархой мехкан куьйгалхочун посташ бухахь хастаме комментариш язъян декхаребарх лаьцна. И хьал хIоьттира регионалан урхалхочо "социалан машанашкахь жигаралла лахъелла" аьлла, бехкбаьккхинчул тIаьхьа.
  • Товбеца-баттахь Кавказ.Реалиино дийцира, "Донбассан хьашташна" аьлла, Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а бюджетан белхахошкара ахчанаш лехьорах, иштта хьехархошкара а цхьаьна.
  • 2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь динчу зерашца, уггар кIезиг алапаш оьцура Оьрсийчуьра регионашлахь ГIалгIайчуьра а, иштта ГIебарта-Балкхаройчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а хьехархоша.
  • Кавказ.Реалиино 2020-чу шарахь хеттарш динчу Дагестанерчу хьехархоша дIахьедора, белхан сахьташ совдаха шаьш декхаредарх, ткъа Къилбаседа ХIирийчуьра хьехархоша – алапаш тIетоьхна бохуш, Iедалхоша дIахьедечу юкъанна билггал долу алапаш охьадахарх.
  • Хьалхо Кавказ.Реалиино хаамбира, Оьрсийчуьра хьехархойн билггал долу алапаш дикка лахара хиларх, Росстато дIахьедечул а, ткъа "юккъерчу статистикерчу" алапе кхочийла ду цуьнан, нагахь санна, сов сахьташкахь белхаш бахь.