Оьрсийчоьне дIабала кхерам лаьттачу нохчийн мухIажаршна тIехIуьттуш митинг дIайаьхьна Венехь

Нохчийн мухIажаршкахьа Венехь хIоттийна акци, гIадужу-беттан 21-ра, 2026 шо

Венерчу Германин векалтана хьалха гIадужу-беттан 21-чу дийнахь акци дIайаьхьна, Оьрсийчу дIабала хьийзочу нохчийн мухIажаршкахьа гIо доккхуш. Жигархоша тIедожийна европахойн Iедалхошна, оцу кепара гIуллакхаш леррина листар а, царна кхерам лаьттачу мехкашка и нах дIа ца хьийсор а.

Нохчийчуьра рожах ведда веанчу бархI мухIажаран цIе йу векалте чу кхачийначу кехата тIехь, дийцина бакъонашларйархочо Дунаева Розас тхан редакцига. Цо цIе йаьхнарш бу - Яхъяев Мансур, Алхазов Муслим, Абуев СаьIид, Магомадов Зелимха, Шамилев Юсуф, Муртазов Iела, Шахбиев Салавди, Бистиев Алихан а.

Акцин декъашхоша тидам тIебахийтина, Нохчийчохь нах лецар а, уьш хьийзор алсамдаларх а, бертаза Нохчийчу дIахьовсийна нах нуьцкъаша Украинерчу тIаме хьийсош хиларх а.

"Ишттачу хьелашкахь адамийн кхерамзаллин хаттар формалан кепехь болчу Википедира информацина тIехьаьжна а, йа Оьрсийчоьнан низамашка хьаьжна лахдан йиш йац", - аьлла бакъонашларъярхочо.

  • Алхазов Муслим (Мубарик) кест-кеста лачкъийна дIавуьгура, цунна тIехь Iазапаш а хьоьгура ницкъаллин структурийн белхахоша. Нохчийчохь ши тIом боьдучу заманчохь Ичкерина гIо латтийна аьлла, бехкевинера иза йуьхьанца. 20I8-чу шарахь Алхазовна кхин керла бехк тIебожийра, магийна йоцчу "Исламан пачхьалкхан" байракх цо эвлахь дIатоьхнера аьлла. Масех де полицин декъехь даккхийтира цуьнга. Цига схьадалийнера цуьнан да-нана а, хIусамнана Тазабаева Хьава а. ХIусамнанна йиттина а хиллера, бакъо йоцуш чохь лаьцна а йитинера. Алхазовс бехк шена тIелаьцначул тIаьхьа, берриш а дIахийцира.
  • Москвано гIо а деш, "къаьсттина къиза" кампани дIахьош йу Нохчийчоьнан Iедалхоша дозанал арахьа йолчу диаспорина дуьхьал. Оцу дешнашца дIахьедира адамийн бакъонашкахула ООН-н лерринчу докладхочо Кацарова Марианас.
  • ТховкIело йала тIелаьцначу нехан терахь лахдина шаьш аьлла, официалехь дIахьединарг цхьа Германи йу, амма бакъонашларйархоша чIагIдо, Украинехь шутйрачу барамехь тIом болийчхьана оцу сингаттамехь хилар йоллу Европера мухIажарш. Церан хаамашца, Оьрсийчу дIахьовсийначул тIаьхьа Кавказера 20 стаг вийна лоруш ву хIинцале а.