Оьрсийчоьне дIавала кхерам латтарна Австрерчу набахтехь мацалла кхайкхийна Нохчийчуьра вахархочо

Кагирманов Ильяс

Нохчийчуьра схьаваьллачу Кагирманов Ильяса (кхечу хаамашца Кагерманов йу цуьнан фамили) мацалла кхайкхийна Австрерчу цхьана набахтехь, шена Оьрсийчоьне дӀавала кхерам хиларна. МухӀажарийн статус йаккха гӀерташ вара иза, Украинерчу тӀаме ца ваха дагахь.

Цу хьолах лаьцна хаам бина "ГӀалгӀайчоьнан маршонан Комитето", бакъонашларъйархочунна Дунаева Розина тӀе а тевжаш. Дийцарехь, кхо шо хьалха Австре кхаьчна 29 шо долу Кагирманов, шозза дуьхьало йина хилла цунна тховкӀело ца йала. Товбеца-беттан 11-чу дийнахь иза лецира, экстрадици йан Iалашонца аэропорте дӀа а вуьгуш.

"Iуьйранна сатосучу хенахь дIавигинера иза, кхин аьлла хIума а доцуш, адвокате вистхила таро ца луш, йа сацамна дуьхьал латкъам а ца бойтуш", -билгалдоккху Дунаевас.

Цо бахарехь, аэропортехь цIеххьана могушалла телхинера Кагирмановн, цул тIаьхьа кеманхой реза ца хиллера иза кемана чу хаон.

Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан вахархочо бакъонашларйархойн гIоьнца йуха а дехар динера мухIажаран статус шена йоьхуш. Амма хIетте а кхело набахте хьажийна иза, миграцин хьукмато цхьа сацам баллалц.

Кагирмановн да-нана Нохчийчохь ду. Иза цIера ваьллачул тIаьхьа масийттаза баьхкинера иза хаьттина полисхой, билгладоккху "ГIалгIайн марошонан Комитето".

Бакъонашларйархоша а, вайнехан диаспоро а тоххара а акци хIоттийра Венехь, лаьцначунна гIортор йеш.

  • Мангал-баттахь диаспорера жигархоша митинг хIоттийра Финляндин векалтана хьалха. Цара кхайкхам бира оцу пачхьалкхан Iедлалшка, Къилбаседа Кавказера мухIажарш Оьрсийчоьне дIа ма лахьара, цигахь царна тIехь ницкъбан тарло аьлла.
  • Литван Iедалхоша шайн махкара араваьккхира Нохчийчуьра цхьа вахархо, мухIажаран статус дIайахйайта вахча, дуьхьало а йина. 20 шо сов хан хиллера иза цу пачхьалкхехь вехаш волу.
  • Хорватига тховкIело йоьхуш хилла Кутин гIалара центрера мел лахара а 20 стаг дарбанан цIийне кхачийнера цхьана хIуманах дIавш даьлла товбеца-беттан 13-чу суьйранна. И хаамбира бакъонашларйархочо Дунаева Розас. Цуьнан зерашца, оцу куьпахь бехаш хилла дукхахберш-нохчийн доьзалш бу, шайн Iедалхой тIаьхьабовларна а, бертаза Украинана дуьхьал тIом бан хьийсорна а кхоьруш, Оьрсийчуьра схьабаьхкина хилла