ООН-н леррина докладхо бехкейина нохчийн омбудсмено "террорхошкахьа гIо дахарна"

Солтаев Мансур а, Кадыров Рамзан а. Архивера сурт

Нохчийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал вина Солтаев Мансур вистхилла Оьрсийчуьра нехан бакъонашца долчу хьолах лаьцна ООН-н лерринчу докладхочо Кацарова Марианас динчу дIахьедаран хьокъехь. Цо бехкейина иза "террорхой Iалашбарна" а, Iедалхошна дуьхьал питанаш лелорна а. Дозанал арахьара нохчийн диаспорана Iедалхой тIаьхьабийларх лаьцна хаамаш зорбане баьхнера Кацаровас.

Солтаевс дIахьедина, ООН-н рапортехь "цIий Iенош, лелийначу зуламашна тIехула лехамашкахь болу террорхой а, кхинболу зуламхой а цIанбан хьийза" аьлла. Ша буьйцучу нехан цIераш ца йаьхна омбудсмено.

Пачхьалкхо дозанал арахьа Кремлан критикаш хьийзоран системина коьрта тидам тӀебохуьйтучу цу рапортехь къаьстина дакъа лерина ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Ӏедало лелийначунна. Цу тӀехь билгалдаьккхина ду, Нохчийчоьнан Ӏедалша кху тӀаьхьарчу ткъа шарахь лелийнарг йерриг а диаспорина дуьхьал хьажийна хилар, шайна йукъахь царна тIехь терго латтор а, агенташ йукъабалор а, Оьрсийчохь бисинчу гергарчарна дуьхьал ницкъ бар а долуш И дерриг а федералан Ӏедалшца йукъахь барт а болуш лелош ду аьлла Кацаровас.

МогIарера хIума санна ду къайлахчу сервисийн белхахоша даймахкара дIабахначийн гергарчарна кхерамаш тийсар а, церан цIа эхар а, цаьргара бахам схьабаккхар а, мобилизаци йарна а, божаршна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дахарна а лаьттта кхерам, аьлла ду документа тIехь.

Оцу тайпа нах хьийзор бакъдеш масалашна хьахийна Оьрсийчоьнан дехарца Казахстанехь лаьцна латтош волу Мовлаев Мансур, байъина Нохчийчоьнан урхалхочун критикаш Хангошвили Зеламха а, Исраилов Iумар а, Алиев Iимран а, Умаров Мамихан а, ишта Абдурахманов Тумсона дина хилла тIелатар а.

  • Хьалхо Солтаев Мансура дIахьедира, Къилбаседа Кавказера зударий дукха лерина Iалашбеш бу, йукъараллехь уггар а лакхара тIегIа цара дIалоцуш хиларх а. Иштта цо кест-кеста дIахьедо Нохчийчуьра бахархойн маршонаш а, бакъонаш а Iалашйеш хиларх. Ткъа бакъонашларйархоша нах лечкъабо, къайлахчу набахтешкахь латтабо, бертаза Украинерчу тIаме хьийсабо, "сий лардеш" зударий байъар а Малхбален къайлахчу сервисийн питанаш ду бохура цо.
  • 2023-чу шеран зазадокху-баттахь Солтаевс "Хьакъ волу Нохчийчоьнан бакъонашларйархо" аьлла, мидал йелира Кадыров Рамзанна. Иза дукхазза бехкевира республикера а, дозанал арахьара а адамийн бакъонаш талхорна. Бакъонашларйархоша цунна тIехь дуьту, шена критика йеш болу нах лечкъорах а, хIаллакбарх а жоьпалла.