Москвано гIо а деш, "къаьсттина къиза" кампани дIахьош йу Нохчийчоьнан Iедалхоша дозанал арахьа йолчу диаспорина дуьхьал. Оцу дешнашца дIахьедар дина адамийн бакъонашкахула ООН-н лерринчу докладхочо Кацарова Марианас.
Дозанал арахьа Кремлан критикаш хьийзоран пачхьалкхан системех лаьцна шен рапортехь Кацаровас къаьстина дакъа билгалдаьккхина Кадыров Рамзанан Ӏедало лелочух лаьцна. Цуьнан хаамашца, ткъех шарахь нохчийн Iедалхой федералан центро бIаьргаш а хьаббеш, диаспорина тIаьхьабевлла лелаш бу, шайн агенташ тIаьхьа а бохуш, Оьрсийчохь бисинчу церан гергарчарна Iаткъам а беш.
Масална Кацаровас хьахийна байъина Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикаш, ЛГБТ-нах а, доьзалехь латточу гIелонах, йа бертаза маре шаьш дIадаларна кхоьруш бевдда зударий лецар а, ишта Интерполе а луш, бух боцуш нах сецор, жигархошна ден тIелетар, церан гергара нах лечкъор а.
Кацаровас дийцарехь, 2022-гIа шо тIедаллалц Iедална луьйш болу нах цхьана Нохчийчохь бен кхерош бацара. Амма хIетахь дуьйна и хIума чIогIа даьржина догIу, и бакъ хиларх дуккха а тоьшаллаш а ду: кхерамаш тийсар, цIера бевллачийн гергарнаш болчу къайлахчу сервисийн белхахой лестар, цаьргара бахам схьабаккхар, божаршна мобилизацица кхерамаш тийсар, бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал дахар, цкъацкъа гергарнаш лечкъор, царна тIехь къизаллаш лелор.
Кацаровас кхайкхамбина Оьрсийчоьнан Iедалхошка, федералан а, нохчийн а Iедалхойн "цIера бевдда бахначу нохчийн диаспорин векалшна тIаьхьабийлар сацадайта" аьлла.
- Нохчийчохь шена хиллачу кхерамах ведда веана, Казахстанехь лаьцначу Мовлаев Мансура чIагIдо, ша шен вен дагахь куьйгаш тIедаьхьначул тIаьхьа шеца прокурор цхьанакхетарх. Цо дIахьединера кхуьнга, Оьрсийчу хьо дIа ца велча вер вац аьлла. Мовлаевс кхайкхамбина, ша Оьрсийчоьне дIавалар доьхкуш, шена кхерамзалла латтон ООН-н тIелаьцна барамаш ларбаре.
- Дахначу кIиранах Нохчийчуьрчу кухело дуьхьало йира вежарийн-оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран нана, 57 шо долу Мусаева Зарема хенал хьалха арайалийта. "Мемориалан" бакъонашларйархоша политикан тутмакх лерина иза. 2024-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) бакъдира, Оьрсийчоьнан Iедалхоша Мусаеван гIуллакхехь харцонаш лелийна хилар.
- Боснин, Герцеговинан Iедалхоша 2024-чу шарахь тховкIело йелира Нохчийчуьра Хадисова Селимина а, цуьнан кхаа берана а. Цул хьалха масех баттахь лаьцна латтийра иза, Интерполехула Оьрсийчоьно дIайоьхуш хиларна. Амма эххар а кхело сацамбира, иза маьршайоккхуш.