"Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах Оьрсийчоьнан парламентан керлачу тобане хаьржина ГӀалмакхойчоьнан Халкъан Хуралан депутат хилла волу Богатов Михаил хьал долчу депутатех хIоттийначу тептарехь нисвелла 2025-чу шеран жамIашца. Шен декларацехь 2,14 миллиард сом ахча даьккхина хиларх дIахаийтина цо.
Декларацешна тӀе а тевжаш, РБК-но динчу хьесапашца, стохка Богатов Михаила даьккхинчул алсам рицкъ тIедеанера стохка НОВАТЭК-ан директорийн кхеташонан куьйгалхочунна Симановский Леонидана а (5,96 млрд сом) а, ABI Product боккха маша кхоьллинчу Аникеев Григорийна а (2,4 млрд сом).
Хьалхо РБК-но, харжамаш тӀекхочуш Коьртачу харжамийн комиссино зорбане йаьхна декларацеш теллина, йаздира, Пачхьалкхан Думе къвосалучу массо а кандидаташлахь уггар йоккха машенийн парк Богатовн долахь йу аьлла. Цо дӀакхайкхийра 163 машен йу аьлла, шайна йукъахь лайш тIехула хоьхку машен а, некъаш тоден ролик а, кеманаш а долуш.
SPARK системан хаамашца, Богатов Михаилан долахь йара некъаш а, автомагистралаш а йеш йолу DEP-08 компани а. Кхушара цу компанино 60 миллион сом мах болу Ӏедалан контракт йаьккхира Богатов винчу Лагань гӀалахь некъ тобан. Кху шеран гIадужу-баттахь, Пачхьалкхан Думе харжамаш хиллачул тӀаьхьа сихонца ДЭП-08 Богатова Натальяна тIейазйира. Хетарехь, депутатан хӀусамнана йу иза.
- Пачхьалкхан Думан харжамаш тӀекхочуш Нохчийчоьнан премьер-министро, республикан куьйгалхочун уллерчу накъоста Даудов Мохьмада дӀахьедира 2025-чу шарахь шен даьхних лаьцна. Цуьнан официалан декларацехь йаздина дара, 12 баттахь 10,7 миллион сом даьккхина цо, вуьшта ара-чу ца баккъалун бахам цуьнан долахь бац аьлла.
- Декларациш зорбане йаьхна ишта карарчу хенахь Оьрсийчоьнан парламентан депутаташа, кхин дIа цигахь биса лууш кандидаташ болчу Саралиев Шамсаила -9 миллион сом, Лечхаджиев Руслана -6,6 миллион, Догаев Ахьмада-6,9 миллион. Кадыров Рамзанан уллорчу гонашкара, думехь депутат волчу Делимханов Адама деклараци Iорайаьккхина йац.