Кофе, базараш, пхьолаш. ГIирман гIезалойн махках бахале хилла Iер-дахар (фотогалерей)

Къоман духаршца болу мехкарий. Бахчисарай, 1920-гIа шераш.

Юткъа кIажарш еш хилла ГIирмерчу гIезалоша-мехкарша. Дешица я детица егна бархатан куйнаш тохкуш хилла цара, наггахь кегийчу ахчанца кеч а деш.

 

ЦIокарчашна дабагIа ден пхьар. Бахчисарай, 1920-гIа шераш.

Юьртбахамаллехь даьхнийлелор - бухбиллар лоруш хилла гIезалоша. Жижиг а, шура а, тIаргIа а боцург а, даьхнийн цIоканех а пайда болуш хилла. 20-чу шерашкахь Бахчисарайхь а, Карасубазарехь а 40 гергга цIоканех дабагIа ден пхьераш хилла. 

 

Кхоьш юхку къано. Бахчисарай, 1920-гIа шераш.

ГIирман массо а кIошташкахь пхьор деш хилла кхоьшца. Жижиган чорпа йора баьццара кхоьн чкъоьргаш а, муьста шура а тухуш. Иштта чорпа кечйора кхоьнех гарзанаш а тухий.

 

Билзиг хьовзош зуда, 1920-гIа шераш.

ГIирмехь къаьсттина лелош дара "атма" олу дайн кIади. Бамбех а, ормех а (лен) деш хилла цара. Куьйга бен болх бара иза. ХIора гIирмахойн-гIезалойн доьзалехь хилла кху тайпана урчакхаш. КIадех бедар а, юргIанаш а, гатанаш а дора. Урчакх хьовзор зударийн болх хиллехь а, дуккха а божарша-пхьараша а дора кIадеш.

 

Бахчисарайра цIа, 1920-гIа шераш.

ГIирман гIезалойн деа тайпана цIенош хилла: гIалахь санна цхьана гIатах лаьтта гIишло а (сурт тIехь  ма-ярра), шозза тIекIалдина ломан кIажера цIа а, аренца дина, цхьана гIатах лаьтта, поппар хьаьхна хIусам а, иштта тIулгех дина цхьана гIатах лаьтта цIа а.

 

Хасбешлелориг, 1930-гIа шераш.

ГIирмера климат бахьана долуш йохка хIума ца ялахь а, шайна яа юьйш, кхиош хилла кхузахь бошмаш. ГIирмахойн-гIезалойн дааршлахь шуьйра меттиг дIалоцуш хилла копастаца а, наьрсашца а, жIанкашца а ечу салаташа а, иштта эксклюзиве даарша а. Масала, кемсийн гIаш юкъа, я копустана юкъа, я буьрча юкъа аьхьина жижиг а дуьллуш, юург кечйора. Иштта устагIан жижигах йинчу чоьрпех а туху хасстоьмаш.

 

Степной Крым олучу меттигера бахархой, 1920-гIа шераш.

ГIирман аренашца даьхнийлелорца цхьана латта а лелош хилла. ДIаер а, гуьйренца схьалахьор а цхьана дийнахь нисдеш хилла, баккхийчаьрца дага а буьйлуш.
 

ЦIоканийн пхьар. Бахчисарай, 1920-гIа шераш.

Мачаш цIоканех еш хилла. Божарша неIаран мачаш а, бертигаш йоцу пошмакхаш а, ленаш тоьхна эткаш а лелош хилла. Зударша Iаьнан заманахь эткаш лелош хилла, аьхка - ира буьхьиг болу туфленаш. Дезачу деношкахь дешица егина мачаш юхуш хилла.

 

Кофе кечъяр. Бахчисарай, 1920-гIа шераш.

Кофе - гIирмахойн-гIезалойн кухнен коьрта бухбуьллу элемент хилла ца Iаш, йоллу синбахамаллин а хилла. Куьйга кечъеш хилла цара кофе. ХIора доьзалехь стол тIехь дIахIоттийна хилла кофе йоккху гIирс (кофейник). Кофеца цхьана хьалха хIоттош хилла хьовла а, иштта кеп-кепара джемаш а. XIX-чу бIешерашкахь Бахчисарайхь 62 кофейня хилла болх беш.

 

Некъа тIехь волу йохкархо. Бахчисарай, 1920-гIа шераш.

Дукхахболчу пхьераша шаьш юхкуш хилла шаьш йийриг доларчу туьканашкахь. ХIетте а ГIирман къам базар йоцуш мегар долуш дац. Кочаоьхкина туьтеш а, зIенаш а йолуш, белшаш тIе тийсина кучамаш а, кхинйолу йохка араяьккхина хIума а йолуш, гIалин урамашкахула буьйлабелла лелара йохкархой.

 

Эвлара цIа. Къилба-Малхбузера ГIирма, 1920-гIа шераш.

Пенашкахула хIиттийна, тIехь гоьнаш а, гIабанаш а долуш диванаш хуьлура, уллохь стоьлаш. Дуккхаъчу гатанашца куц дора пенашна, ткъа лаьттахь - кузаш.

 

Бахчисарайн вахархо, 1920-гIа шераш.

Лохо холхазан куйнаш лелош хилла божарша, я песаш. Машанан шуьйрачу хечи чу йоьллийна лелош хилла шуьйра пхьуьйшаш долу коч, гIодаюккъехь шуьйра доьхка. Кучана тIехула лелош хилла нуьйдарчий йолу йоца жилет, цунна тIехула - еха охьайолу гIовтал.

 

Урчакх хьийзо зуда, 1920-гIа шераш.

Зударийн кучамаш гоьлел охьа а йовлуш, шуьйра хилла. Деха пхьуьйшаш, иштта шуьйра къорза шарбалш. ТIехула юхуш хилла гаттийн пхьуьйшаш а долуш, тIелетта жилеташ. Царна тIехула юхура йоца кетарш. 

 

Нуьйр-гӀирсан пхьеран туька. Бахчисарай, 1920-гIа шераш.

ГIирамн-гIезалойн юкъараллехь доккха дакъа дIалоцуш хилла дойлелоро. Ткъа говран гIирс даим а оьшуш хилла. ГIирман ханаллин муьрехь Карасубазар хилла нуьйр-гIирсан пхьерийн "шахьар".

 

ЦIестапхьеран чоь. Бахчисарай, 1920-гIа шераш.

ГIелица къагийначу цIестах еш хилла пхьегIаш, ткъа латунех ритуалан пхьегIаш а, маьждигашна лерина чиркхаш а.

 

Тегархо. Бахчисарай, 1920-гIа шераш.

ГIирмахойн-гIезалойн духар, я мачаш, я кIадеш хила йиш яцара куьцехь тIехь тир яккханза.
Орнаменташ шайн-шайн регионашца къасталора - Малхбалерчу ГIирмехь чIерийн а, хинкеманан а жIамарш хуьлура. ТаьIIина-цIен бос хазахетара аренца бехачу нахана.

Къилбан хийистехь бехачара хин-бецаш гойтура, иштта хазахетара царна сиренан а, шекъан а, кIайн а беснаш.

 

Зынджырлы олу хьуьжар. Салачик, 1920-гIа шераш

XIV-чу бIешарашкахь Солхатехь йира уггар а йоккха хьуьжар. Амма вайн заманахь йоцуш ю иза. Гоьяьллачех а, ГIирмехь дийна йиссинчех а йолу Зынджырлы олу хьуьжар схьайиллинера 1500-чу шарахь. 1917-чу шарахь цуьнан бух тIехь схьайиллира хьехархойн институт.