Къона политикаш. Ширачу суьрташ тIехь бевзар барий шуна уьш?

ХIара кIант - цхьана хенахь комик вара, ткъа карарчу хенахь Украинан президент Зеленский Владимир ву. 1970-чу шеран чакхенехь йа 1980-чу шеран юьххьехь даьккхина сурт ду хIара.
 

Советан заманахь "аэродром" олу кепка тиллинчу кIентан юьхь-сибатца дика къаьста хинволчу Казахстанан президентан Назарбаев Нурсултанан аматаш (аьрру агIор). 1950-чу шерашкахь даьккхина сурт ду.


 

ЦК КПСС-н хьалхара секретарь а, Советан заманахь министрийн Кхеташонан куьйгалхо а лаьттина Хрущев Никита шен хIусамненаца Ефросиньяца. 1916-чу шарера сурт ду хIара. Масех шо даьлча Ефросинья лийр ю, цул тIаьхьа карьера ян волало Хрущев. Сталин веллачул тIаьхьа Советан Iедалан урхаллехь вара иза.

 

Гуьржийчоьнан хиллачу президентан, Одессан экс-губернаторан Саакашвили Михаилан бераллера суьрташ. 
 

Шен доттагIашца цхьана садоIуш ву Ельцин Борис (аьрру агIор шолгIаниг). Оьрсийчоьнан хьалхара президент жимчохь хьекъал долуш хилла, ишта аьрха ву олуш а хилла. Цуьнан юхахьара хиларца, карахь граната а иккхина, аьрру агIорчу куьган шина пIелгах ваьккхинера иза.

 

Хинйолу канцлер Меркель Ангела походехь ю кхузахь. 1973-чу шарера сурт.

 

Принцесса Елизавета (тIаьхьо Британин паччахь Елизавета II). 1945-чу шарахь эскархойн могIарехь хилла иза.

 

Кхин а цхьа паччахь, амма оьрсийн: Николай Александрович, тIаьхьо Николай II, Оьрсийчоьнан тIаьххьара император. 1891-чу шарахь Япони вахначу хенахь даьккхина сурт ду хIара. Японин Оцу гIалахь кIело йинера цунна: карахь тур долчу полисхочо тIелатар динера, иза гIудалкх чохь рикшас вуьгучу хенахь. Шозза чов ян а кхиинера полисхо. Цхьадолчу хьасташна хетарехь, и тIелатар бахьана долуш 1904-чу шарахь тIом болийнера Николайс.


 

Ялх дийнахь лаьттина тIом болабалале, 1964-чу шарахь даьккхинчу сурт тIехь ву Нетаньяху Биньямин. Израилан премьер-министр хIоттале 45 шо хьалха.

 

Карарчу хенахь Эрмалойчоьнан премьер-министр волу Пашинян Никол. 1970-гIа шераш.

 

Робертс Маргарет (тIаьхьо Великобританин премьер-министр хIоьттина Тэтчер Маргарет). Кентехь арахис а, стоьмаш а оьцучу хенахь даьккхина сурт. 1950-гIа шо.

 

1900-чу шерашкахь даьхна, полицин досье юкъара суьрташ. Сталин Иосиф ву цу тIехь верг.
ХIара суьрташ даьхначу шерашкахь, Тбилисехь 40 стаг а вуьйш, революционерийн тобано банк яьхьнера.

 

Полицин досье юкъара кхин а цхьа сурт. Муссолини Бенито ву хIара. Италин хинволу урхалхо 1903-чу шарахь Швейцари ваханера, шен даймахкахь тIеман гIуллакх ца дархьама.
Бан болх ца карабора цунна Швейцарехь, ткъа тIаьхьо белхалоша йолийначу протестехь дакъалаьцна аьлла, полицино лаьцнера иза.

 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн хинволу президент Трамп Дональд шен доьзалца (аьрру агIор йисттехь верг).
 

Узбекистанан хьалхара президент Каримов Ислам (аьтту агIор) кеман модел еш ву. 1940-чу шерашкахь къона Каримов берийн цIийне дIавеллера масийтта шарна.
 

ГIиргIазойчоьнан президент Жээнбеков Сооронбой (юккъерниг) жимчохь.
 

1935-чу шарахь шахматех ловзучу заманчохь Брежнев Леонидан (аьтту агIор) даьккхина сурт. Фотошопца кечдина ду хIара сурт. Советан Iедалан коьртехь вара Брежнев 1964-чу шарера 1982-чу шера кхаччалц.


 

Карарчу заманахь Канадан премьер-министр волу Трюдо Джастин (юккъерниг). Премьер -министр лаьттина, веллачу шен дена Пьерна тIехIоьттинчохь даьккхина сурт. 2000-гIа шо.
 

Iамеркан хинволу президент Кеннеди Джон Нью-Йорке юхавогIуш ву аьхка садоIуш Европехула чекхваьллачул тIаьхьа (1938-гIа шо). Кхул тIаьхьа кхо шо даьлча флотехь гIуллакх дан волало иза, цул тIаьхьа Конгрессе хоржу. 1961-чу шарахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент хIутту иза.


 

Японин премьер-министр Абэ Синдзо (аьрру агIор). Къилба Калифорнехь шен хенахь пачхьалкхан политикан бух Iамийна ю иза.


 

Кхиазхо Обама Барак шен деца Гавайехь. 1972-гIа шо.


 

Бухарестехь ЦIечу эскаре маршалла хоттуш ву Румынин хинволу диктатор Чаушеску Николае. 1944-гIа шо.

 

Исламан революци йолчу хенахь Мешехедехь протестехь ву тахана ГIажарийчоьнан лидер волу Хаменеи Iела. 1979-гIа шо. 

 

Венгрин парламентехь шен коллегаца дагавуьйлуш ву карарчу хенахь Венгрин премьеран даржехь волу Орбан Виктор (аьрру агIор), 1990-гIа шо. Венгрин коммунистийн Iедална критика еш хиларца гоьвалла вара къона Орбан.


 

Эскарехь гIуллакх дечу хенахь даьккхина ду хIара ГIажарийчоьнан президентан Роухан Хьусейнан сурт. Цигара ваьллачул тIаьхьа Шотландерчу Глазго гIалахь дешна цо. "Гибкость шариата" цIе йолу докторан диссертаци а язйира цо хIетахь, гIажаройн зеделлачух пайда а оьцуш. 
 

Калифорнерчу шен колледжан футболан тобан ловзархо Никсон Ричард. 1930-гIа шераш.

 

Арканзасерчу шен цIа чохь даьккхина ду хIара Клинтон Биллан саксофон карахь йолуш сурт. 1958-гIа шо.