Полисхочо бетах хIума тоьхна Москварчу яхархочунна "Со ву кхузахь Iедал" аьлла

Гайтаман сурт

Москвахь Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллоа толлуш ю полицин белхахочо меттигерчу яхархочунна "Со ву кхузахь Iедал" аьлла, шен удостоверени бетах тохар. Оцунах лаьцна хаам бина "РИА Новости" агенталло, министраллан пресс-сервисна тIе а тевжаш.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, ГIадужу-беттан 30-хь участковый веъна хилла Москвара яхархочуьнан петаре, арме ваха хан йолу цуьнан майрачун ваша волу меттиг къасто, иза оцу хIусамехь прописка йолуш ву аьлла. Царшинна юкъахь конфликт иккхина.

Министралло чIагIдарехь, петаран хIусамнанас полице латкъам бина шена йиттина аьлла, ткъа участковыйс иза лортIехь лелар долуш яцара аьлла.

Хьалхо "Iазап латторна дуьхьал комитето", хаам бинера, шайга гIо дехна аьлла Москвара яхархочо Мальцева Дианас. Цо дийцина, шайн цIа участковый Бурденюк Александр варах лаьцна. Зудчун хIусамден ваша лаха венча полисхо гIоьртина петарх хьажа.

Мальцевас чIагIдо ша цуьнга удостоверени гайта аьлла дехар дина хиларх лаьцна. Кехат гойтучу метта Бурденюка куьйгехь катоьхна, уьш хьовза а дина, зудчун шен куьйга голаш тоьхна цунна гайх.

Зудчо юха а дехар дина документ гайта аьлла, цул тIаьхьа участковыйс, дийцарехь, шен у достоверени бетах тоьхна цунна, "Со ву кхузахь Iедал", "Шу хIун, тиларча-м ца дахна кхузахь", "Ас дерш а охьадохкур ду шу кхузахь", бохуш мохь биттина.

Эххаре а Бурденюка цхьана чоьне бIаьргтоьхна, паспорт дIадаьккхина Мальцевана 18-тта шо долчу кIентан, амма тIаьхьо дIаделла иза, эшам хиллачу зудчун майра цIакхаьчча. Москвара яхархо травмпункте яхна. Лоьраша таллам бина кехат кечдина юхьтехь беснийн к1едачу дилхана а, куьйгашна тIехь а дIатоьхна меттигаш хиларх лаьцна.