Политика Яшин Ильяс Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочух Даудов Мохьмадах "Iазапхо" аьлла

Даудов Мохьмад

Оьрсийн оппозицин политика Яшин Ильяс ютубехь "Кадыровн Iазапхо. Даудов Мохьмадан истори" цIе йолу 20 минотехь фильм арахецна. Нохчийчоьнан парламентан спикерана, "Единая Россия" фракцин республикерчу декъан секретарна лерина ю иза.

"Делимханов [Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан Нохчийчуьра депутат] санна, вуно кхераме а, ницкъ болуш а ву иза. Кадыровн карара цуьнга дашон тапча кхаьчна, ткъа Путинера – Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа… "Лорд" [иштта вевзаш ву иза Нохчийчохь – ред.] Кадыровн чIогIа уллора ву, шен куьйгалхочун уггаре бен-берса тIедилларш кхочушдо цо. Амма цуьнан коьрта функци – Iазапан ю, цо жоп ло нохчийн къам кхерамехь латторна", - боху Яшина шен видеохь.

Политико дуьйцу Даудовн биографех лаьцна, цо 1990-чу шерашкахь, ша кхиазхо волчу хенахь, Нохчийн Республика Ичкерин гIаттамхойн агIо а лаьцна, тIом барх а, 2000-чу шарахь, ша кадыровхойн керавахча, цаьргахьа дехьаваларх а лаьцна.

Яшина юьйцу таханалерчу Нохчийчохь лела бехказавийлийтаран практика а, республикера къайлаха набахтеш а. Фильман дакъа "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" президентан Кутаев Русланан историна лерина дара, иштта Даудовн Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелан хьалханчан Мурдалов ТахIирца иккхинчу конфликтана а.

Оьрсийн хьовсархошна лерина Нохчийчохь хуьлучух лаьцна аналитикан материалаш арахецар вуно оьшуш ду, амма кхузахь коьртаниг – цуьнан цхьайолу меттиг гайтар ду, комментари йина Яшинан фильмана бакъоларъярхочо Кутаевс.

"Наггахь нохчех лаьцна цабезаме ойла кхоллало, уьш дера бу, цара коьртеш хедадо, нах бойъу, хьийзабо, бохуш. Амма нохчашца догIуш хIуманаш дац уьш. Кремлера охьахецна тIедилларш ду уьш. Кадыров, Даудов, Делимханов – Кремлан продукташ ю, чухIиттийна актераш бу уьш. Кадыровн импровизаци яц иза, оцу спектаклан ше автор ву – Путин. Нохчий къиза зуламхой болуш санна, и дерриг нохчийн юккъера девнаш долуш санна гайта гIерта Кремл. Амма иза ишта дац", - дIахьедина цо.

  • Оьрсийчоьнан президенте Нохчийчоьнан куьйгалхо даржах мукъаваккха аьлла, тIедожош йолийначу онлайн-петицина куьйгаш яздира 24 сахьтехь 100 эзар сов стага. Change.org сайте хIоттийра кхайкхам оппозицин политико Яшин Ильяс. Цо бехкевора Кадыров Рамзан низамаш дохорна, мехкан урхалхочун шен "долахь арми" хилар а, журналисташна а, бакъонашларъярхошна а цо кхерамаш тийсар а, иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен оппоненташ бойъуш хилар а, Кремло могуьйтуш хилар а дага а доуьйтуш.
  • Оппозицин политикан Навальный Алексейн бIанакъоста Любовь Соболя шен ютуб-канале хIоттийна "Кадыровс муха сийсазбо ницкъахой" цIе йолу фильм. Цуьнан коьрта маьIна ду — шен леларца Нохчийчоьнан куьйгалхочо йохош хилар ницкъ болчу президентах Путин Владимирх а, майрачу Оьрсийчоьнан ницкъахойх а лаьтта миф.