Путин: КъурIан дагорна лаьцначо бусулбачу нехан регионехь хан токхур йу

"Военкорашца" цхьанакхетарехь ву Путин Владимир, 2023 шеран марсхьокху-беттан 13 де

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедина, КъурIан дагорна лаьцначо бусулбачу нехан цхьайолчу регионехь хан токхур йу аьлла. Амма оцу гIуллакхехь шеконашца лаьцна волчу Волгоградерчу студентана хIинца сацам бина бац кхело.

"КъурIан хIаллакдеш дина зулам Нохчийчоьнан Талламан комитете дIаделла. Юстицин министро аьлла ма-хиллара, цара хан токхур йу бусулба нах бехаш йолчу цхьайолчу Оьрсийчоьнан регионерчу набахтехь", - аьлла Путина шайх "военкораш" олучу нахаца хиллачу цхьанакхетарехь – уьш бу оьрсийн Iедалехьа болу тIеман журналисташ, телеграм-каналийн авторш а.

Хьалхо Оьрсийчоьнан юстицин министр волчу Чуйченко Константина хьийхира, "кхелан сацам хиллачул тIаьхьа и зулам дарна бехке волчунга хан такхийта бусулба нах дукха бехаш йолчу цхьйолчу регионерчу набахтехь".

Амма Журавель бехкевеш йолчу Делах тешачу нехан хьежамаш сийсазбарна бохучу артиклехула цунна набахте ца хьажош долу таIзар дан тарло, тIаккха цунна дуьхьал даьккхина гIуллакх карарчу хенахь толлуш ду, кхеле кхаьчна а дац.

  • Волгоградехь КъурIан дагош йолу видео машанашкахь стигалкъекъа-беттан 19-хь гучуйелира, полицино таллам болийра.
  • Стигалкъекъа-беттан 21-чохь ницкъахоша дIахьедира, Украинера схьаваьлла, меттигера вахархо Журавель Никита лаьцна шаьш. Йуург дIасакхоьхьуш болх беш хиллера иза. Талламан версица, стигалкъекъа-беттан 19-чохь СБУ-н тIедилларца КъорIан дагийра цо, и гIуллакх дийриг итт эзар сом лур ду аьлла хиллера цунна. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша дIахьедина, лаьцначо хIинцале а даредеш дIахьедина, СБУ-на лерина тIеман гIишлойх видеош йохуш вара ша аьлла. Журавелян мукIарло доцург, дуьйцург хIун ду а, стенна тIехь гIуллакх долийна а, хууш дац. Иштта къаьсташ дац де-буьйса а далале шеконехь хилларг ницкъахошна муха карийна.
  • Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра тIедожийна Волгоградан кIоштахь КъорIан дагорах гIуллакх Нохчийчуьра талламхошка дIало аьлла. Цуьнан бахьана ду "Нохчийчуьра дуккхаъчу бахархоша шаьш зен хилларш лара" бохуш, ден дехарш.
  • Волгоградан централан кIоштан кхело Журавель шина баттахь лаьцна латтош сацам бира. Студент Соьлжа-ГIаларчу СИЗО чу схьавалочу дийнахь цигахь гулбелла масийтта адамаш дара. Цаьргахь Кадыров Рамзанан суьрташ дара, "Куьйгаш ма детта дезачу йозанах", "Ислам – дикаллин дин", "Динан мостагI вер доьху оха" бохучу йозанашца кечдина аннаш дара.
  • КъурIан дагор йемалдеш митинг хIоттийра Соьлжа-ГIалахь, амма, Кавказ.Реалиин хаамашца, цига нуьцкъаха бюджетхой а, студенташ а гулбинера.
  • Кавказ.Реалиин редакцино эксперташца цхьаьна дийцаре дира, Волгоградерчу студентана кхел йар Украинерчу тIамна бехказло лехарехь муха леладо. Иштта Оьрсийчуьра бусулбанашлахь а, Оьрсийчоьнал арахьа а Кадыровн цIе цу хиламца чIагIйан гIертарх а.