Путинах лаьцна комментарий йазйарна йалх шо хан тоьхна 22 шо долчу нохчийн кIантана

Iедалхоша хIоттийначу митингехь Путин Владимиран сурт

Йукъарчу хьелашкарчу набахтехь даккха 6 шо хан тоьхна Нохчийчуьра 22 долчу Бортиев Мохьмадна, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вен веза бохуш, кхайкхамаш барна. ТаIзар дина цунна Ростов гIаларчу Къилбан гонийн тIеман кхело.

Официалан версица а догIуш, 2024-чу шеран чиллан а, зазадокху а беттанашкахь Бортиевс дитинчу йозанашна тIехула бехкзуламан гIуллакх долийна цунна дуьхьал. Талламо бахарехь, цу тIехь кхайкхамаш хилла "пачхьалкхан урхалхо хIаллакван веза" бохуш, ишта "къоман билгалонашца" экстремизме дIахьедарш дина а хилла цо.

Стенгахь, билггал хIун йаздина хилла Бортиевс, хууш дац. Ишта къастанза дуьсу, цо даре дина йа ца дина бохург а.

"Кавказский узел" интернет-гIирсо тидам барца, Бортиев Мохьмад 2003-чу шеран лахьан-беттан 30-чохь дуьненчу ваьлла Куьрчала кIоштарчу Майртуьпахь. 2026-чу шеран чиллан-беттан 25-чохь иза Росфинмониторинго лелочу террорхойн а, экстремистийн а тептаре йазвина.

  • Ростов-на-Дону гIалара вахархочунна набахтехь йаккха йалх шо хан тоьхна, Молдовера Оьрсийчоьнан векалаллин белхахой пачхьалкхера арабахарх а, инарла Кириллов Игорь верах а, Украинехьа тIемаш бечу «Свобода России» легионах а лаьцна комментареш йитарна.