Рейдаш а, бух боцу чIагIонаш а: Нохчийчохь мархийн баттахь мехаш тIебиттина

"Беркат" базарахь, архивера сурт

Бусалба нехан беза мархийн бутт болабаларца Нохчийчохь хаъал тIедиттина мехаш йуучунна хIинцале а, оцу хьоло эргIадалла гIаттийна бахархошлахь. Цара латкъамаш до Iедалхоша цу хьолана беш тIеIаткъам бац бохуш. Амма мархийн бутт герга кхочучу заманчохь Кадыров Рамзана хьаькамашна тӀедиллира базарашна а, туьканашна а тӀехь терго латтор а, мехаш "даима а Ӏуналлехь латтор" а. Тхан сайто теллира, мел эвсара хилла и болх экономикан а, социалан а, динан а агӀор, цу батто базарашна муха Ӏаткъам бо а.

Беттан рузманца билгалбаьккхина Рамадан бутт кху шарахь дӀаболабелла чиллан-беттан 18-чу дийнахь, бусалба нахана тӀедиллина ду Ӏуьйранна дуьйна малхбузе кхаччалц марха кхабар, ткъа суьйранна доьзалш гулло марха даста а, вовшашка хьошалгIа оьху.

Нохчийчохь оцу муьрехь къаьсттина алсам харжаш йан йезаш хуьлу: махкахь цу денна олий безачех кхача кечбо, стоьлаш хIиттайо, чохь-тIехь мел оьшург оьцу, цIано йо, керла пхьегIаш оьцу. Бахархой хIинцале а жигара кечамаш беш бу 2026-чу шеран зазадокху-беттан 19-чу дийнахь хиндолчу Марха достучу денна.

Мархийн хьалхарчу дийнахь Кадыров Рамзана регионерчу Кхерамазаллин Кхеташонна а, муниципалитетан куьйгалхошна а тӀедиллира кхачан-сурсатийн мехаш хьала ма бахийта аьлла. ШолгӀачу дийнахь дуьйна дӀайолийра рейдаш: йохка-эцаран меттигаш теллира администрацешкара а, Роспотребнадзорера а, полицера а, прокуратурера а белхахоша а, динан дайша а.

Йохка-эцархошка дIахьедира: мехаш шайггара тIебетта мегарг цахилар, ткъа царна тIехь хаддаза терго латториг хиларх а. Ӏедалша дӀакхайкхийна, ца хуьлчу далахь, шаьш кийча ду гӀуданаш детта а, кхин йолу гӀулчаш йаха а аьлла. Ткъа муфтиятан векалша дагадаийтира, Рамадан бутт "къинхетаман бутт бу, хьарамлонаш лело бутт бац" аьлла.

Билггал гIо дечу меттана моттаргIанаш

Амма Iедалхойн дIахьедарш мухха хиллехь а, уггар оьшуш долчу сурсаташна дикка мехаш тIебиттира. Тхан сайтаца къамел динчара дийцарехь, базарашкахула а, туьканашкахула а дIайаьхьна рейдаш цхьа кеп хIоттош дина хIума дара. Ма-дарра аьлча, хьал хийцаделла дац: шайггара йазйеш йу йухкург, цундела мархийн беттан хьалхарчу деношкахь дикка зен дира доьзалийн кисанашна.

Соьлжа-ГIаларчу йахархочо Марема дийцира шена шинчух лаьцна ишта:"Кадыровс омра дира, ткъа шолгӀачу дийнахь йаккхийчу туьканашкахула чекхбелвира хьаькамаш а, белхахой а. Инспекторша букъ ма-берзийнехь, цара оцу сохьта мехаш хьалабаьхнера. Со оццу дийнахь цхьана туькана йахара: гIопасти тIехь цхьа мах бара, амма эцначух ахча дIадала касси тIе йахча, цигахь мах безох бара. Ас боху, и муха ду? Цо жоп делира, иза тоххарлера мах бу, и хийца ца ларийнера" шаьш аьлла".

Устрада гIалахь а, Гуьмсан а, Хьалха-Мартанан а, Грозненский а кӀошташкахь а, ткъа иштта Соьлжа-ГIаларчу а базаршкахь а, супермаркеташкахь а дIайаьхьира рейдаш. Царех лаьцна сюжеташ телевизионан керланашкахь а, социалан машанашкахь а йаржийра. БӀеннаш резабоцуш комментареш йазйира цу посташна бухахь: "Рамадан бутт тӀекхачале салат кечйеш бухадуьллучу гIанан мах бара 40 сом, ткъа хӀинца 200 сом бу. И буц йара хьуна маргIалйелла, ур-атталла бежно а тергал йийр йоцуш. Вай деха зама муха йу хьуна аьлча, нагахь санна, ахь тахана "Беркат" базарахь кхана къемат де ду алла, дIакхайкхадахь, цара оцу сохьта ламазан кузийн мехаш хьалабохур бара". "Православин керста наха дисконташ а, леррина акцеш а кхайкхайо дезачу деношкахь, ткъа бусулба наха мехаш хьалабоху".

Цхьа хила дезарг санна тIеоьцу адамаша хьаькамаша лелориг

2026-чу шеран зазадокху-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Нохчийчохь цхьацца кхачанан сурсатийн мехаш шозза-кхузза хьалабевлла хаало. Хьостанаша дийцарехь, цу йукъадогӀу бежанан а, устагIан а жижиг, хӀоаш, помидораш, наьрсаш а. Денна кхачанан мехаш хьалабовлуш лаьттачу йукъанна, йийбар йухкучу туьканашкахь а, гӀишлошъяран супермаркеташкахь а дикка дисконташ а, акцеш а, лотерейш а йу дIахьош, бохура махкарчу бахархоша.

Экономистна, Къилбаседа Кавказан экспертна Георгиев Давидна хетарехь, Рамадан баттахь мехаш хьалабовлар цхьана декъехь доьзна ду бизнесхошна тӀех сов пайда баккха лаарца. Стоьлаш хӀитто а, хьеший кхайкха а нах шовкъе хир буйла кхета уьш. Оцу хенахь ларамаза алсамйовлу хӀусамийн харжаш, цунах пайда оьцу йохка-эцархоша, билгалдоккху цо.

"Административан рейдаш дIайахьа тарло, Нохчийчоь санначу регионашкахь, амма уьш цхьана йоцачу ханна дина хIума ду. Йеххачу ханна оцу мехаш дестарна кхин бан Iаткъам бац", - бохура экономисто.

Оцу йукъанна, цо бахарехь, Оьрсийчохь кхачанан мехаш, Нохчийчоь а йукъара йоккхийла дац, вуно атта хьаладовла тарло, амма и мехаш йуха охьабаха вуно хала ду, нутцкъаша бен дайта йиш йац и.

Мехаш дестар и сурсаташ наха тIе а бетталуш дIаэцар бахьана долуш а, йохкархошна деш кхин таIзар цахиларна а, Iедалхойн биэндацарна а ду бохуш, бахархоша тидахь а, шайна йохкархошна и хьал кхечу кепара го. Мехаш хьалабахаран коьрта бахьанаш ду бохура цара - сурсаташ шайна латточара шаьш оьцучу хенахь мехаш хьалабахар а, йасакхан а, арендин а мах лах ца бар а.

Веденан кӀоштарчу супермаркетан долахочо иштта дуьйцу хьал: "Тхешан са йаккхархьама тIедетташ дац оха мехаш. Кхечу республикашкара чу йохьуш йу оха дуккха а сурсаташ, цуо а Ӏаткъам бо оха йечу харжашна. Тхуна сурсаташ латточара мархийн баттахь шаьш тIебетта мехаш, ткъа оха цуьнан хьесап ца дича ца долу. Оцу йукъанна Ӏедалша Рамадан баттахь тхан йасакх а, арендан мах а охьа ца боккху, цхьайолчу кхечу республикашкахь санна, цундела мехаш цхьана тӀегӀанехь латто аьтто бац".

Иштта хьал ду кхечу гӀалин супермаркетехь а. Тхоьца къамел динчу цхьана туьканан долахочо тӀечӀагӀдира: "Коьрта бахьана - сурсаташ латточу нехан мехаш хьалабахар а, логистикана лакхара харжаш йан йезар а ду. Дезачу деношкахь, наха леррина кхача кечбечу хенахь, йухкург къаьсттина мехала йолу. Нагахь санна Ӏедалша низамаш гӀелдинехьара, мехаш цхьана эшшарехь латто йиш йара тхан. Халахеташ делахь а, хӀинца тхо ца довлу мехаш тIе ца диттича, тхайна даккхий зенаш ца хилийта".

Делахь а, Нохчийчуьра бахархой ца теша йохкархойх. Царна хетарехь, шайна са йаккхархьама хаа а хууш, кхин бух а боцуш, цара мехаш хьаладоху шайггара аьлла, тешна бу уьш. ХIунда аьлча, марха достучу дийнахь тIаьххьара сом дIаделла а, нехачух тера шайн шун хилийта хьийза хIора а.

"Ишта ца хилча, нислойла дуй: селхана мехаш цхьаъ ду, мархийн беттан хьалхарчу дийнахь кхин ду",- хеттаршка йуьйлу Соьлжа-ГIалара Тамила.

Делахь а, бу бахархошлахь Iедалхоша йолийначу рейдех а, Iелам наха дечу дIахьедарех а цхьа пайда хир бу, мехаш тIедоьттуьйтур дац аьлла ойла йерш а.

"Безачу мархийн баттахь вай массо а бусулба ду, мехаш хьалабахар хир дац аьлла хета суна", - боху Шела гӀаларчу Элинас. - Со хӀинца а базарахь хилла йац, амма марха досту хан герга кхаьчча, хьал гуш хир ду. Со тешна йу мехаш шаьш ма-хиллара хир дуьсур ду, уьш дестор дац аьлла.

Проблема мехашца хилла ца Ӏаш, урхаллехь болчарех болу тешамца а йу

Редакцица къамел дан реза хиллачу социолога, шен цӀе ца йоккхуш, дийцира, ишта до-ойла а хила йиш йу аьлла: куьйгалло шаьш йина чIагIонаш даим а кхочуш ца йой гуш лаьтташехь, адам теша пачхьалкхан урхалла йукъа а гIоьртина, тIеэцначу барамех дикачу агIор йист йер йу аьлла.

"Сатийсам чӀагӀбо Ӏедало баккъалла а бахархойн сагатдан деза бохучу дегайовхоно. Оцу йукъанна, шаьш кхочушден доцу даьсса дош даларо тешам лахбо - наха хьаькамийн амалш тӀеэца йолало даим а цара ишта деш ду, йа моттаргIанаш йу, амма сацамбар дац олий. Иштта чам а, тешам а болу Iедалх", - кхетийра къамелдечо.

Иштта шен цӀе ца йовзийтар дехначу Нохчийчуьра хьуьжаран хьехархочо билгалдоккху, бусулба нахана динан хьехамаш а, нийсонца йохк-эцаран низамаш а лардаар къаьсттина мехала хилар безачу баттахь. Цо дийцарехь, шайггара мехаш хьалабахар доккха къа лоруш ду, хӀунда аьлча, цо дуккхаъчу доьзалшна гIело йо, таро йолчу нахаца цхьана нислуш, церан ницкъ ца кхочу мархийн дийнахь шун хIотто.

Иштта цо тидам тӀебахийтира исраф лелор даьржина хиларна а. ТӀаьхьарчу шерашкахь наха эрна харжаш йеш, теттина йалта схьаоьцу, шаннаш хIиттадо, ткъа кхана-лама и йуург талха а телхий, пусар доцуш дIакхоса йеза. Оцу кепара кхачанца харцо лелор бусулба динан мехаллашна дуьхьал ду аьлла чӀагӀдо цо.

Рамадан баттахь, бохура цо кхин дӀа а, Делах тешаш волчу хIора а стага къинхетамалла гайта йеза, цо гIо дан деза халла хене буьйлучу нахана:"Дикачу гӀуллакхаша дика тӀаьхьалонаш йохьу".

Дерриг а бахархойн чоьтах

Европехь куп тоьхначу "Цхьаьнакхетта ницкъ" цӀе йолчу Ичкерин боламан векална Музаев Сайханна хетарехь, нохчийн Ӏедалша йукъараллехь деш долу дӀахьедарш а, рейдаш а, муфтиятан комментареш а дукха хенахь дуьйна бахархоша тӀеоьцуш йу, шайна марзйелла "шалхонаш" санна. Нахана гергахь халкъана сагатдар дӀагойтуш, амма бакъду ницкъ даим а бахархошна хуьлуш бу.

"И омранаш даггара цара деш делахь а, хӀетте а, экономикан логика хийцалуш йац: цхьаммо даима а мах охьабуьллуш бу, мехаш цхьана кепара латторна. Йа эцархочо - къайлаха мехаш хьалабахарца, дикалла талхорца, я къоьлла хIоттайой. Йа йохкархочо - тӀеӀаткъам барца а, маржа лахъйарца а. Эххар а, йукъараллин зенаш а хуьлуш, доьрзу и гIуллакх", - бохура къамелдечо.

Цунна хетарехь, бахархошна бакъйолу гӀортор хир йара йохка-эцаран меттигашна тӀеӀаткъам барца а доцуш, жоьпаллин органаша эцаран а, логистикан а синтаршна тӀехь терго латторан системан балхаца, шерачу низамийн политикаца, я мархийн баттахь таро йоцчу доьзалшна ахчанца гIортор йарца а.

Рамадан баттахь мехаш лакхабовларх лаьцна латкъамаш беш бечу йукъанна, вовшашна гӀо ден масалш а гучудуьйлу Нохчийчохь. Цхьана жимчу стага дийцира тхан редакцига, ша хӀора шарахь меттигерчу туьканашкахь шен йуьртахоша тIехьерчийна декхарш дӀалуш хиларх лаьцна. Кху шарахь хӀинцале а шен кӀоштарчу масех жимчу туьканашкахь нехан гулделла декхарш тIерадаьхна цо.

Ала дашна, изза хIума долийнера Нохчийчохь хьалхо. 2024-чу шарахь мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана тIедожийра шен куьйгакIел болчу хьаькамашна мархийн дезачу деношкахь йуьртахойн туьканашкара декхарш дIатакха аьлла. Цул тIаьхьа махкара дуккхаъчу туьканашкахь йуьртахоша тIехьерчийна декхарш царна хьалхара охьадохкуш чекхбуьйлура Iедалхой.

Амма, меттигерчу бахархоша дийцарехь, цкъа дина хIума дара и, цул тIаьхьа кхин гина дац и мехала гIуллакх.