Риман папас нохчий а, буряташ а тIамехь къиза бу аларна гечдар дехна Ватикано - Оьрсийчоьнан МИД

Риман папа Франциск. 2019 шо, гIуран-бутт

Риман папас нохчаша а, буряташа а Украинана дуьхьал бечу тIамехь гойтучу къизаллех аьллачунна тIехула Ватиканан пачхьалкхан секретариатера официалехь бехк цабиллар доьхуш кехат кхаьчна Оьрсийчоьне. Цунах лаьцна яздо пачхьалкхан ТАСС агенталло, Оьрсийчоьнан арахьарчу министраллин официалан векална Захарова Марияна тIетевжина.

Пачхьалкхан секретаран Паролин Пьетрон кехата тIехь аьлла ду, "кхечу дуьненан пачхьалкхашца а, дуьненчуьра къаьмнашца а ма-хиллара, Орсийчоьнан доллу къаьмнашка, церан дикалле, дине, культуре кIорггерчу ларамца хьоьжу Сийдолу Паччахьалла аьлла. Захаровас дIахьедина, инцидент йирзина оцу тIехь.

Карладоккху, хьалхо Риман папас Франциска America ресурсана йеллачу интервьюхь, Украинерчу тIамах лаьцна дуьйцуш аьллера, нохчий а, буряташ а "Украинехь долчу Оьрсийчоьнан эскаршлахь уггар а къиза дакъош ду", "нагахь санна, бала хьоьгу нах белахь, уьш хьийзораш а хилиа беза" аьлла, билгалдоккхуш.

Цул тIаьхьа понтифике вистхилира къобалйазчу Ичкерин вийначу президентан Масхадов Асланан кIант Масхадов Анзор. Цо дагадаийтира нохчин къомана тIехь оьрсийн пачхьалкхо лелийначу репрессех, махкахь хиллачу шина тIамах, карарчу хенахь цигахь долчу Iедало адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх. Нохчийчуьра бахархой Украинана тIелатарехь дакъалоцуш хиларх жоьпалла тIедиллира цо "Путина [президент Владимира] контроль латточу диктатурина а, цуьнан марионеткина [Рамзан] Кадыровна а". Масхадовс билгалдаьккхира, республикехь дешан маршо цахилар, махкара бахархой "лечкъош, ницкъбеш, бойуш" хилар хIинца а.

  • Понтификан дешнашна жоп лучу МИД-н официалан векало Захарова Марияс ТАСС агенталлина йеллачу комментарехь дIахьедина, нохчех а, бурятех а папас аьлларг – "кхин ца хиллал сийсаздаьккхина хIума ду".
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Риман папин дешнашна комментарий йеш дIахьедина, "арахьарчу зорбанан гIирсийн къарцадаларо а, пропагандо а хетийтина цунна" иштта аьлла.
  • Францискан дешнаш тергамза ца дитина, шена тIаьхьабевлча Оьрсийчуьра дIавахначу бакъонашларйархочо Янгулбаев Абубакара а. "Украинера тIом буряташа а, нохчаша а болийна бац", цо мах хадорехь, Нохчийчоь Оьрсийчоьнера бала хьегна, "колонизацин мохк бу" аьлла цо.
  • Кху шеран стигалкъекъа-баттахь Риман Франциск папас хаамбира, Москван а, йоллу Русин патриархаца Кириллца Украинерчу тIамах лаьцна къамел дина ша. Франциска бахарехь, 40 минотехь гергга къамелаш динера цу шиммо Zoomехь. Хьалхарчу 20 минотехь карарчу кехата тIера дIадешнера кхунна Орсийчоь Украине "гIортар бакъден бахьанех" лаьцна. "Машаре некъ лаха беза" ша Кириллца аьллера понтифика. "Патриархах Путинан "алтарник" хуьлийла ма дац", - аьллера къамелан чулацамех дуьйцуш Риман папас.
  • Цуьнца доьзна Москварчу патриархатан арахьарчу килсийн зIенийн декъо стигалкъекъа-беттан 4-чохь комментарий йаржийра, Франциско "корректе доцчу кепехь дIабийцина оцу къамелан чулацам" аьлла.