Ринге дуьйлучу зудаберех ша аьлачунна йинчу критикана жоп делла Нурмагомедовс

Нурмагомедов Хьабиб

Ринга тIехь зудабераша дан хIума дац ша аьллачул тIаьхьа, шегара бехкаш дохуш йинчу критикана жоп делла ийначу кепехь латарийн спортхочо, UFC-н хиллачу латархочо Нурмагомедов Хьабиба, яздо Lenta.ru гIирсо Islam Channel YouTube-канална тIетевжина.

"Цхьаммо хаьттира, вайн промоушенехь (Eagle FC-Редакцин билгалдаккхар.) зудабераш хIунда дац аьлла. МаьIне ца хета сайна аьлла, жоп делира ас. Цхьаберш реза ца хилира ас бохучуьнца. Суна бен-башха дац наха хIуъа а бахахь а. Сайн ала хIума делахь, сайна хетарг дIаолу ас", - дIахьедина Нурмагомедовс.

  • Марсхьокху-беттан 25-чохь Нурмагомедов Хьабиба хазийра, UFC-н ринга тIе дуьйлучу зудабераша (ринг-герлз) цхьана а кепара спортана бохьуш пайда бац, ММА-хь уггар а оьшуш боцурш бу уьш аьлла.
  • Хьалхо хаамашкахь яздира, Оьрсийчоьнан журналисто Собчак Ксенияс а бехкбаьккхина хиларх спортхочуьнгара, цо динчу дIахьедарана тIехула.
  • ММА-н ийначу кепехь латаран доьазза чемпион ваьллачу Емельяненко Федора комментари йитира, къовсамашкахь ринг-герлз хиларх лаьцна. Цунна хетарехь, цара цхьана а агIор новкъарло ца йо цунна, йа цаьрца гIуллакх а ца догIу цуьнан, яздира NewsMMA гIирсо.
  • Оьрсийчоьнан боксехь латархо йолчу Семенова Ангелинас бехкевира дуьххьара UFC-н хилла чемпион Нурмагомедов Хьабиб, цхьайолчу спортехь ринга тIе буьйлучу мехкаршна (ринг-герлз) дуьхьал аьллачунна тIехула. "Дагестанан лаьмнашкахь хиллачу сексизмех воьллачу Хьабиба и йита еза дукха хан ю, нагахь санна, дуккха а хIума хийцаделлачу юкъараллехь ваха ша дагахь велахь. Йа ша схьаваьллачу меттигехь хIиттаде шен низамаш, мацца хийцаделла а, цигара хьелаш а кхуьур ду цкъа мацца а", - дIахьедина Семеновас. Цуьнан дешнаш далийра MetaRatings сайто.