Ростов кIоштан ГИБДД-н хьаькаман хIусамехь герз а, мехала хIуманаш а карийна

Гайтаман сурт

Ростов-махкарчу Миллеровскан кIоштарчу некъан полицин урхаллан (ГИБДД) декъан хьаькам Чмыхалов Александр а, цхьа могIа цуьнан куьйгакIелара нах а. Полисхочун цIийнах хьовсуш карийна герз, автомат а цхьаьна, дуккха а мехала хIуманаш а, яздо Znak гIирсо.

Чмыхалов билггал лацар тIечIагIдина ишта ТАСС агенталлан бакъоларъяран органашкарчу хьасташа а.

Регионерчу Талламан комитетан урхаллан хаамашца, Миллеровскан кIоштарчу ГИБДД-н кхаа белхахочух шек бу, уьш шайгарчу бакъонел совбевлла хиларна а, бакъонел совбовла тIехьехарна а.

Талламан версица, 2020-2021-чу а шерашкахь цара жоьпалле ца ийзош хилла, некъан низамаш дохийна машенлелорхой а, иштта, къаьркъа а мелла, урхалла дийраш а.

Ставрополан кIоштарчу некъан полицин (ГИБДД) пхи белхахо лаьцна ву ишта коррупцина тIехула. Урхаллан хьаькам Сафонов Алексей воцург а, ву царлахь ГИБДД-н хилла хьаькам Аржанухин Александр а, инспектор Мельчиков Виталий а, Сотников а, Парахин а цIераш йолу ши стаг а. 19 миллион сом кхаьънаш эцна аьлла, бехкаш дехкина лецначарна.

Къаьсттина эргIадбахийтинера интернетехь "бандитийн бароккон" хотIехь, Сафоновн ду бохуш, хаамийн гIирсашкахь даржийначу хIусаман суьрташа.