Ростовера тIеман кхел хьалха йу терроризмаца доьзна таIзарш дукха дарца

Гайтаман сурт

Ростов гIалара Къилбан гонийн тIеман кхел хьалхара йу "террорца" доьзначу гIуллакхашкахуда динчу таIзарийн терахь лакхара хиларца. 425 сацам бина цу кхело "терроран" артиклашкахула. Цунна тIаьхьа йу Малхбузенан а, Коьрта а, Малхбален 2-чу тIеман а кхелаш.

"Хьалхара дакъа" бакъонашларъйаран проекто а, Parubets Analytics аналитикан центро а бинчу талламца, стохка оццу муьрца дуьстича, Оьрсийчохь терроризмца доьзна зуламаш дарна бехкебинчу нехан терахь вуно алсамдаьлла 2026-чу шеран хьалхарчу эха шарахь. Цхьана йалх баттахь бехкевина лаххара а 1234 стаг. Бехкебинчу нехан терахь алсамдаьлла 58%, 145 стаге кхаччалц. Йуккъерчу барамехь хьесап дича, дийнахь итт гергга бехктакхаман гӀуллакх кхайкхош хилла кхелаша.

И гIуллакхаш алсамдовларан бахьана ду массарна а гуш-хезаш терррориме кхайхамаш бар, йа и къобалйар, йа цунна пропаганда йар аьлла артикл хилар. Оцу Iедалан къепаца бехке вина 487 стаг. Ткъа йеккъа цу артиклехула, тIехь ницкъбарна бехкеозор ца лерича, таIзар дина 357 стагана, йаздо "Настоящее Время" проекто.

"Мемориало" динчу зерашца, лаххара а 427 стаг бехкевина "терроран" бехкашца, политикан бухца царна тIаьхьабуьйлуш хиларх билгалонаш а йолуш. Талламан авторша и дина хьесап консервативе лору. Кхелаша къайлайоху бехке бинчех доккхачу декъан цIераш, билггал политикан гIуллакхашца таIзаре хIиттийначийн терахь кхин а лакхара хила тарло.

ТаIзарш динчарлахь мел лахара а 243 вахархо Украинера ву, уьш бу тIеман йийсархой, шайлахь "Азован" а, "Айдаран" а тIемалой а болуш. Бу ишта, талламо Киевца йукъарлонаш хилла аьлла, бехкебина дIалецначу дозанаш тIера маьрша нах а цхьаьна.

"Терроризм" аьллачу артиклашца бехке бинарш доккхачу декъанна божарий бу, царна дина ду 91,6% таӀзар. Уггаре а жимахволчун 16 шо дара таӀзар кхайкхочу заманчохь, ткъа уггаре а воккхачун 71. Дукхахболчарна набахтехь йаккха хенаш йетта: уггар а кIезиг хан йу 13 шо, уггар а лакхара хан- 29 шо.

Талламхоша билгалдоккху, 2026-гӀа шо кхузаманан бехктакхаман кодексан исторехь уггаре а дукха нах "терроризмна" бехке бина шо хир ду аьлла.

  • "Оцу йукъанна "террорхойн" артиклаш эххар а хьехош йац ницкъбаран зуламашца цхьаьна. Цхьана терроран зуламна бен бехкебеш боцчу нахана йукъахь 53,8% бехке бина Бехктакхаман кодексан 205.2-чу артиклца – дӀахьедарш дарна а, посташ йазйарна а, комментареш йитарна а"- хьесап дина талламхоша. Стохкалера гайтамаш а ишта кхуьуш бара: 2025-чу шарахь кхелаша "терроран" артиклашкахула бехкевина 2078 стаг, и терахь шо хьалха хиллачул а шозза алсам ду.

    Йукъарчу хьелашкарчу набахтехь даккха 6 шо хан тоьхна Нохчийчуьра 22 долчу Бортиев Мохьмадна, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вен веза бохуш, кхайкхамаш барна. ТаIзар дина цунна Ростов гIаларчу Къилбан гонийн тIеман кхело.
  • Ростов-на-Дону гIалара вахархочунна набахтехь йаккха йалх шо хан тоьхна, Молдовера Оьрсийчоьнан векалаллин белхахой пачхьалкхера арабахарх а, инарла Кириллов Игорь верах а, Украинехьа тIемаш бечу "Свобода России" легионах а лаьцна комментареш йитарна.