МухIажаран статус кхин дIа а йах ца йеш, оцу пачхьалкхехь цо 20 шо хан йаьккхинашехь Литван Iедалхоша Оьрсийчоьне дIавелла Нохчийчуьра вахархо. Цунна депортаци йарх хаийтина бакъонашларйархочо Дунаева Розас. Цо дицарехь, Беслан цIе йолу Нохчийчуьра вахархо ткъа шо хьалха махкарчу тIамах ведда веана вара Литва. Шен даймахкахьчул а алсам хан йаьккхина а вара иза Литвахь.
Нохчийчохь федералан эскархошна дуьхьал тIом бина ву Беслан, цуьнан гергарчех дуккха а нах хIаллакбина, ткъа дийна бисинчарна Iедал тIаьхьадаьлла хиларна, «дуьне ма-дду баьржина беха уьш», йаздина Дунаевас.
Беслана дIахьедина хиллера дукхазза, нагахь санна, ша Оьрсийчу йухаверзахь, шен дахарна боккха кхерам бу бохуш.
Тхан редакцино хьалха а йаздира кху гIуллакхах лаьцна. Беслан лаьцнера чоьхьарчу гIуллакхинй министралле шен кехатийн хан чекхйаларна, йуха кехаташ хIиттон тIевеанчу хенахь. Мича бахьанашца иза лецира, дуьйцуш дац. Дунаевас бахарехь, дечкен-баттахь Литван Iедалхоша дош деллера диаспорина, Нохчийчуьра бахархой Оьрсийчу шаьш дIахьийсор бац аьлла.
- ХӀелсинкехь нохчийн диаспорин векалша пикет дӀайаьхьира мухӀажирийн а, мигрантийн а бакъонаш йийцаре йеш. Протестхоша кхайкхам бира Ӏедалшка, Нохчийчуьра а, ГӀалгӀайчуьра а Финляндехь тховкӀело лоьхучу нахана харц цIераш ма кхоллахьара аьлла.
- Австрехь нохчийн диаспоран векалша митинг дIайаьхьира Кремс гIаларчу набахтена хьалха. Гулбеллачара тIедожийра бозуш боцу, цIена, эвсара талламаш дIабахьар пачхьалкхерчу набахтешкахь нах баларан хьокъехь. Жигархоша иштта дIахьедира Нохчийчуьра бахархошна депортацеш йан мегарг цахиларх, нагахь санна, царна даймахкахь кхерам лаьтташ белахь.
- Цул а хьалха Эстонин Iедалша махках ваьккхира, шайга тховкIедо йоьхуш хилла Нохчийчуьра вахархо. Цунна тIе ца битира адвокаташ, ца витира иза ша-шен бакъонаш Iалашйан а, бохура Дунаева Розас.