Нохчийн шайхаш

Нохчийн шайхаш 19-чу а, 20-чу а бIешерашкахь

Дийцарехь, хIара гоьваьллачу нохчийн эвлияан Кишин Кунта-Хьаьжин сурт ду (цIера Илсхан-юьртара).

Митаев Бамат-Гира-хьаьжа, Эвтарара къадирин тIарикъатан устаз.

Шайх Iела, Митаев Бамат-Гира-хьаьжин воI. 1925-чу шарахь болшвекаш цунна тоьпаш туьйхира Ростоверчу набахтехь.

Назиров Мани-шайх (юккъехь), Бамат-Юьртара (Виноградное) къадирин устаз

Дибиров Элах-молла (накъшбандийн тIарикъат)

Яндаров Солса-хьаьжа, Хьалха-Мартан тIера накъшбандийн тIарикъатан шайх
 

Каратаев Махьма, БIачи-юьртара накъшбандийн тIарикъатан шайх

Шаптукаев Доку, Девкара-эвлара накъшбандийн шейх

Арсанов Дени, Хьалха-Мартан тIера накъшбандийн шайх

Мусалаев Абдул-Салам, накъшбандийн тIарикъатан шайх

Ташазулов Iийса, Гуьржичуьрчу Дуисира накъшбандийн тIарикъатан шайх

Байбатыров Юсуп-хьаьжа, Кхошкелдара накъшбандийн шайх

Маршо Радионо шун тидаме дохку Нохчийчохь тIарикъаташ даржийнчу устазийн сурташ. Цу вирдийн мурдаш бу тахана Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а, Гуьржийчохь а.