Соьлж-ГIалара хьафизийн ишкол

Хьафизаш , уьш ханна кегий белахь а, чIогIа лоруш бу бусулба нахана юккъехь, цундела хьафизийн ишколашка кхача гIерташ дукха кегий нах хуьлу

Хьафизийн ишколе кхача, беро лаххарчу барамехь цхьа жуз Iамо деза. Ма-хаъъара, Къуръан юкъадоьдуш 30 жуз ду.

Дешар кхаа шарахь ду. Юха тIаккха ишколо керла мутаIеламаш схьаоьцу. Юккъерчу барамехь, церан 8-12 шо хуьлу.

Дукхах долчу берашна Iаьрбийн мотт хууш бац. ХIетте а, жайна дагахь Iамадо цара.

Iаьрбийн мотт тIаьхьо Iамабо цара, кхин дIа хьуьжарахь деша шайна лиича.

Хьафизийн дешар доьшуш, юккъерчу ишколе ца лела бераш. Кхузара ваьлча, юха тIаьхьакхиа хьовсу уьш юккъерчу программина

Хьафизийн ишкол – интернат ю. Бераш кхузахь Iаш хуьлу. Шарахь 4 кIира бен ца доккху цара шайн цIахь

ПIераский, шоттий - мукъа денош ду хьафизийн

Къуръанан цхьа жуз дагахь Iамийча, мукъа де ло дешархочунна

Дешархошна оьшург массо хIума латтош ду. Кхача цхьатерра бу дешархойн а, хьехархойн а. Ишколехь спортзал ю. Футболах ловза меттиг а ю. Цхьаболу хьафизаш къийсадаларшкахь дакъа лоцуш бу.

5 ишколо, шайн дипломаш а йолуш, 500 сов хьафиз арахецна Нохчийчохь