Керлачу шарахь Нохчийчоьнан Ӏедалан коьртехь хилла хьалхара хийцамаш, Кадыровн могушалла эшна йогIу бохуш, даьржина хабарш, Францехь йийначу нохчийн зудчух лаьцна керла хаамаш- цунах а, и доцчух а лаьцна шуна дуьйцур ду Маршонан 137-чу подкастехь.
Your browser doesn’t support HTML5
20 шо долчу Кадыровн кIантах вице-премьер вар, бертаза тIаме хьажийна Чергизовн валар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #128
Кадыров дарбанан цIийне кхачор
ГIуран-бутт чекхболуш Пачхьалкхан кхеташонан цхьанакхетарехь ца хилира Кадыров Рамзан, сихонца дарбан цӀийне кхачор бахьана долуш, дийцарехь, иза "халла метта валийна" а хилла цигахь. Цунах лаьцна хаам бина "Новая газето Европа" гIирсо, политикна гергарчу хьостанашна тӀе а тевжаш.
Зорбано дийцарехь, Кадыров кеманца Москва вахана хиллера кхеташонехь дакъалаца дагахь, амма цунна вон хиллера боху дечкен-беттан 25-чу буса. ТIаккха Нохчийчоьнан куьйгалхо президентан гIуллакхаш луьстучу Урхаллин Коьртачу дарбан цӀийне кхачийнера боху маса. ХIун бахьана долуш вон хиллера Кадыровна, дуьйцуш, хоуьйтуш дац.
Къилбаседа Кавказерчу регионийн куьйгалхойх цхьа Кадыров Рамзан воцург, берриш а дакъалоцуш бара президентаца Путин Владимирца хиллачу цхьаьнакхетарехь. Хьал метта хIоьттинчул тIаьхьа нохчийн куьйгалхо цӀа а вирзина, лаххара а цхьана кӀиранах нахана йуккъехь гучу ца волуш, хан йаьккхира цо, йаздо «Новая газета Европа» зорбанан гIирсо. Оцу йукъанна цуьнан телеграм-каналехь хаамаш бора дечкен-беттан 29-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалахь хиллачу цхьаьнакхетарх а, дечкен-беттан 30-чу дийнахь Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университете" иза вахарх а лаьцна. Хууш дац, и видеош тоххара дIайазйина хилларш йу, йа йац.
ГIуран-беттан 2-чу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо харцдира ша ледарчу хьолехь дарбан цӀийне кхачийнера боху хаам. Амма видео тӀехь доккхачу декъана къамел динарг вара къоман политикан а, арахьарчу зӀенийн а, информацин а, зорбанан а министр Дудаев Ахьмад, цо дийцира Кадыровн хьолах лаьцна: "Шуна луург хир дац, шайтIанаш. Тхо кхин а дуккха а гIуллакхаш дан дезаш ду" элира цо.
Кадыров Рамзана дӀахьедира, ша гIуран-беттан 2-чу дийнахь пӀерасканан Рузбанехь хиларх, ткъа бохура цу суьйранна спортзалехь хила везаш ву ша а.
Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо кест-кеста зорбане йохура спортзалера видеош, ша цомгуш ву бохуш, хаамаш баьржинчул тӀаьхьа. Амма стохка цкъа бен гучу ца йелира и тайпа пост. "Новая газетан" хаамашца, Кадыровна лоьраша х1оттийна диагноз йу "зорхан йекхоьнан некроз", ткъа "Эхо Москвы"радиостанцин хиллачу коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс чIагIдарехь, жаннашца бала хьоьгуш ву иза.
20 шо долчу кIантах вице-премьер вар
Кадыров Рамзанан могашалла галъйаларх лаьцна рогIера хаамаш хиллачул тIаьхьа регионан Ӏедалехь хийцамаш хилира. Цуьнан воккхаха волу кӀант, 20 шо долу Кадыров Ахьмад, вице-премьеран даржехь лакхаваьккхира. Цу тIе цуьнгахь дитина иштта республикан спортан министран дарж а цхьаьна.
Иштта лакхара дарж делла Кадыровс, ша дарбанан цIийне кхачор харцдинчу Дудаев Ахьмадна а. Тхан редакцица къамел динчу политолого Преображенский Ивана кхетийра Iедалан коьртехь оцу кепара хиллачу хийцамех ишта: "ХIара тешам хилар ду, гуш ма-хиллара, Дудаевс шен хенахь гIортор йира, Кадыровн могушалла-м хьаха йац ледара аьлла, и кеп хIотторца доьзна ду хIара. Ткъа гуш ма-дуй, оцу хенахь цуьнгахь вон хьал дарий. КIентех дерг аьлча, суна хьалха а хетара ишта, хетарехь, шен воккхаха волу кIант хьалхатоьтту Кадыровс, хIунда аьлча, цуьнан шансаш а алсам йу. Жимахволчу кӀантах пайдаоьцура цуьнан леларца, цуьнан йеттаршца, совгIаташ дарца Путина, шен ден хадархойн хьаькам а хIоттош, нехан бIаьрг тIера баккхархьама.
Вайна хууш дац 100 процентана оцу доьзалехь церан йукъаметтигаш биллга муха йу, вуьшта качвина, цунна луъ-луург деш лелош ву Адам, Кадыровна-м лууш хила тарло иза шен метта вита а, амма шансаш кIезиг йу цуьнан.
Суна хетарехь, Кадыровн лаам бу и, амма цуьнан лаамо Iаткъам ца бо, Кадыровн метта Кремло хIоттор волчунна. Кадыровна лаьа оцу хьолана тIехь ша терго латтон, цундела вице-премьер вина цо воккхаха волчу кIантах. Цундела аса йуха а боху, воккхаха волчу кIентан Ахьмадан таронаш алсам йу, жимахволчу Адаман йац".
Оцу йуккъехула Украинан президенто Зеленский Владимира хьийхира Нохчийчохь Iедал хийцадаларе а ца хьоьжуш, хенал а хьалха охьадилла амал бе аьлла. Машаран дийцарех лаьцна Deutsche Welle корреспонденто динчу хаттарна жоп луш, цо Американ Цхьанатоьхначу Штаташка кхайкхам бира, Венесуэлан лидер хиллачу Мадуро Николасца диннарг де Кадыров Рамзанца а аьлла.
"ЖамӀаш массарна а гира. Доллу дуьненна а гира уьш. Цара иза сиха дира. Иштта цхьа шатайпа операци йахьара цара кхуьнца а, мила вара и, Кадыровца, оцу чалтачаца. ТӀаккха мукъна а Путинна иза ган а гина, цо ойла йийр йацара-те", - даладо Зеленскийн дешнаш "РБК-Україна" агенталло.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо, ша даим а къамел деш ма-хиллара, шогачу кепехь дIахьедира, Украинан президенто тайп-тайпанчу гӀирсех пайда а оьцуш, тӀеӀаткъам бо Оьрсийчоьнна, "машаран барт бохорхьама" аьлла. Цунна тIаьххье Зеленский аьшнаш ван буьйлабелира Кадыровн агIончаш – Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама кхерамаш тийсира Украинан президентана, шаьш иза лачкъор ву аьлла.
Украинехь Чергизов Анзор кхалхар
Украинана дуьхьал бечу тIамехь вийна хилла Чергизов Анзор дIавоьллина Нохчийчохь, масийтта баттахь лехначул тIаьхьа. Цо латкъамаш бира Нохчийчохь набахтехь латточу заманчохь, шегахь латточу хьолана. Чергизовна тIаьхьабевллера ницкъахой, Нохчийчохь хьалхара тӀом боьдучу хенахь Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран доьзалца гергарлонаш долуш хилла иза аьлла.
"ГIалгIайн маршонан Комитетан" жигархоша йаздарехь, Чергизов лачкъийна вигина, цунна тIехь къизаллаш лелийна хиллера, ткъа цул тIаьхьа ка йаьллера цуьнан Казахстане дIаваха. Дукха ца Iаш, оцу пачхьалкхо Оьрсийчоьне йуха велла хиллера иза. ТIаккха бакъо йоцчу герзахойн тобанашкахь дакъалацарна бехке а вина, набахтехь даккха 22 шо тоьхнера цунна. 2025-чу шарахь цунна тоьхна хан чекхйала герга йара, цу хенахь Чергизовс шеца чохь бахкочу нахаца йукъахь арз динера шаьш чохь латточу Чернокозовера колонин белхахоша лело харцо йуьйцуш.
Кадыров Рамзане латкъам бинера тутмакхаша, набахтен хьаькамаша шайгара ахчанаш доху, бIеннашкахь эзар соьмаш далар тIедожийра шайна, чохь латточу хенахь дикачу агIор гайтина шаьш аьлла, тоьшалла дийриг.
Нийсо боламан жигархоша бира цунах лаьцна хаам. Цара дийцарехь, цул тIаьхьа кхин тIе а бала хьоьгуьйтуш хиллера цаьрга. Стохка бIаьста шен гергарчу нахаца зIене ваьлла хиллера Чергизов тIаьххьара, хIетахь цо дийцина хилла тIеман министраллица нуьцкъаша шега куьг йаздайта хьийза, Украинана дуьхьал тIом бан вахийта аьлла. Цул тIаьхьа дукхан хан йалале дIавайра иза зIенера. Ткъа цуьнан гергарчара масех беттанашкахь лоьхуш хиллера шайн стаг, эххар а иза валарх тоьшаллин кехат кхечира цаьрга. Цу тIехь билгалдаьккхина ду- тутмакх 2025-чу шеран стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь Украинан Донецкан кIоштахь кхелхина ву аьлла.
Гергарчара Чергизов Анзор валаран бахьана талла бохуш тIедахкарш до. ТIечIагIбазчу хаамашца, иза вийна хила тарлуш ду тIехьашхула герз а тоьхна, хаамбина "ГIалгIайн маршонан Комитетан" жигархоша.
Берийн дас йийна Арсанукаева Лариса дIайоьлли
Ниццехь йийначу нохчийн зудчун Арсанукаева Ларисин дакъа иза йийна ши бутт баьлча бен цӀа дахьийтина дац. Маршо Радион хаамашца жима зуда дIайоьллина гIуран-беттан 7-чохь, иза йина, кхиъначу Дышни-Веданахь. «Марем» кризисан тобанан бакъонашларйархоша билгалдоккху, зуда йийначу Алибиев Баширан доьзал цхьацца кехаташна куьйгаш йаздан дуьхьал хилар бахьана долуш, хIинццалц Арсанукаева Ларисин дакъа гергарчаьрга дIа ца луш, моргехь латтийна аьлла.
Дагадоуьйту, стохка лахьан-беттан 4-чохь йийра Ниццехь 39 шо долу Арсанукаева Лариса. ВорхI беран нана йара иза, берех шиъ бен цуьнца дацара, пхиъ дас дIадигина, кхунна гойтуш а ца хиллера.
Францерчу хаамийн гӀирсаша дийцарехь, цуьнан хиллачу хIусамдас Алибиев Башира кIело йинера цунна, шен шина йоIаца иза цIа йогIучу заманчохь. Кхоа ца йеш, урс диттина хиллера цо шен хиллачу хIусамнанна. Цуьнан йоккхаха йолу йоӀ шен нана ларйан дагахь дуьхьалхIоьттина хиллера боху, тIаккха Алибиевс цунна а цхьана урс тоьхнера. Арсанукаева йелира оцу сохьта, цо йинчу чолхечу чевнех, ткъа цуьнан йоӀ халачу хьолехь дарбан цӀийне кхачийра. Карарчу хенахь чевнаш йина хилла йоI а тойелла, арайаьккхина дарбана цIийнера, социалан хьукматаша ворххIе а бер дехошкара схьадаьккхина, къайладаьккхина.
Францин низамашца а догIуш, деллачу адаман дакъа цхьана баттахь сов моргехь дита йиш йу, нагахь санна, кхин а алсам кхелан экспертизаш йан оьшуш хилахь. Дукха хьолахь, нагахь санна цхьахйолу агIо динчу зерашна реза йацахь нислуш ду иштаниг, дIахьедира "Марем" цIе йолчу кризисан тобанан бакъонашларйархоша.
"Оцу кепара кхин бала боцуш и нах хьийзар баккъалла а хила тарло, оха и зуда лоруш йац, тхан цуьнан дакъаца гIуллакх а дац, тхуна бен-башха дац цунах хIуъа хилахь а аьлла, массарна а дIахаийта гIертар. Оцу наха кхин дIа а гойту, и зуда дийна йелахь а, йелла йелахь а, дерриг а шайн карахь хилар", - иштта хьесап дина кризисан тобанехь болчара.
Оцу йукъанна, Ереванехь йийначу кхечу нохчийн махкахочун, цIера йеддачу Баймурадова Ӏайшатан дакъа а шина баттахь сов эрмалойн моргехь латтийра, хӀунда аьлча цуьнан гергарчара "цхьа а жоп ца деллера, цунах хӀун дан деза шаьш» аьлла, эрмалойн Iедалхоша шайга хаттар дича.
Доьзалехь шена тIехь гIело латторна цIера йеддера Баймурадова 2025-чу шарахь. Бан болх а карийна, йехара иза Ереванехь, социалан машанехь Нохчийчуьра Iедална луьйш, материалаш зорбане а йохуш. Шена йовзачу Иминова Каринаца цхьанакхеттачул тIаьхьа зIенера йайра иза. Дукха ца Iаш, йийна схьакарийра иза цхьана петар чохь. Камераша дIайаздинчуьнга хьаьжча, гуш ду бохура, цу чуьра тIаххьара а арабевлларш- терроризмана гIо латторна бехкевина, амма 2029-чу шарахь бехказа ваьккхина Байсаров Хьамзат а, Иминова Карина а хилар. Баймурадова йийнарг и шиъ ду аьлла, шеконаш йу царах.