Швецин полицино тIе ца чIагIдо нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо верах лаьцна хаамаш

Швецера Ветланд гIалахь полисхойн машахь йу лаьтташ, 2021-чу шеран зазадоккху-беттан 3-хь

Нохчийн оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо верах лаьцна хаамаш тIе ца чIагIбо, комментари ца йо Швецин полицино – иштта йаздина хьукмато Кавказ.Реаллино дахьийтинчу кехатна деллачу официалерчу жоьпехь.

"Швецехь веха стаг верах лаьцна хаамаш дуйла хууш ду Швецин полицин урхаллехь. И зорбанашкара хаамаш тIечIагIдан, йа царна комментари йала йиш йац Швецин полицин урхаллин", – аьлла меттигерчу полицин пресс-секретара Соколов Ирена.

Хьалхо нохчийн оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо вийна бохуш дуьйцура 1ADAT телеграм-канало, хаам тIечIагIбора нохчийн диаспоран хьалханчех цхьаъ волчу Масхадов Анзора. Европерчу а, Нохчийчуьрчу а хьенехан хьасташна тIетевжа канал. Масховдовс бахарехь, Абдурахманов масех стага вийна. Амма йа Масхадовс, йа 1ADAT-о а билгал ца доккху, муьлхачу пачхьалкхехь вийна блогер.

Швецихь Абдурахманов Тумсо вийна аьлла тIечIагIбаза хаам гучубелира къобалйазчу Ичкерин цхьахйолчу телеграм-каналан агIонехь гIуран-беттан 1-чохь. И хаам телеграм-каналашкахула дIасабаьржинчул тIаьхьа Кавказ.Реалии редакци масийттазза гIоьртира Абдурахманов Тумсоца а, цуьнан вешица а зIе таса, амма гIуллакх ца хилира. Уьш стенгахь бу а цкъачунна хууш дац Европехь куп тоьхначу нохчийн бакъоларйаран "Вайфонд" организацина.

  • 2020-чу шеран чиллан-баттахь кIелойира Абдурахманов Тумсона Швецехь цуьнан петар чохь. Блогеран аьтто хиллера тIелеттачуьнгара герз даккха а, полици кхайкха а. Оцу гIуллакхна тIехула 2021-чу шеран дечкен-баттахь кхело таIзар кхайкхийра. Кхелйинарш бу Оьрсийчоьнан бахархой. Билггал и зулам дан кхайкхийнарш къаста ца белира, амма суьдехь кхелахочо дIакхайкхийра, "ларо Соьлжа-ГIала вуьгу" аьлла.
  • Абдурахманов Тумсона тIелатарх долчу гIуллакхца таIзар кхайкхийначул тIаьхьа цуьнан Германихь вехачу вешина йен кIело юкъахйаьккхира. Бакъонашларйархочо бахарехь, иза вер вовшахтохар тIедиллинера, Кадыров Рамзанан шича лоручу Эдельгериев Пахруддина.
  • 2022-чу шеран зазадокху-баттахь Кавказ.Реалии сайто хаамбарца, Германин федералан прокуратуро Нохчийчуьра Д. Валид бехкевира Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу цхьаьннан лаамца шен махкахо вен гIортарна. Цунах лаьцна талламна тIетевжина яздира "Немецкая волна" хьосто.