Соьлжа-ГIалара доьзалера хIусам схьайаьккхина зуда шен "гIоьнча" йац аьлла Делимхановс

Соьлжа-ГIала

Шен "гIоьнча" йу а аьлла, Соьлжа-ГIалара доьзалера петар схьайаьккхинчу зудчун Бакаева Ларисин хьокъехь вистхилла Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам. Кавказ.Реалиин сайтана къаьстина, цхьана хенахь Бакаева тутмакхашца болх беш хилар, аьлча а, нахера ахчанаш а дохий, ша шун стаг цIенна герга йолчу набахте сехьавоккхуьйтур ву а олий, кхин дIа тIепаза йовш хилла йу Бакаева, ша тIелаьцнарг кхочуш ца деш.

Делимхановн дIахьедар даржийна республикера официалан зорбанан гIирсаша. Цо дуьххьалдIа боху, Бакаева Лариса шен гIоьнча йац аьлла, цо бехк баьккхина "можа прессера а", шайн "мостагIашкара" а, шайна хайп йеш, хьал талхон Iалашонца даржийна хIума ду аьлла. Цул совнах, Думин депутато дош делла, оцу гIуллакхан "леррина талламбан" а, цуьнан "йист йаккха" а.

Де хьалха "Свобода (не) за горами" цIе йолчу гIирсо йаздира шен агIонашкахь, махкал арахьа бехачу Нохчийчуьра цхьана доьзалх лаьцна. Церан гергара нах дIабигина, лаьцна латтош хиллера Октябрьскан кIоштарчу полицин декъехь, уьш маьршабохур бу аьллера, цара йуьйцучу петаран кехаташ шайга схьалахь. Дийцарехь, шантаж йийриг хилла Бакаева Лариса, иза йу боху петар схьайаьккхинчу Магомадова Заирин жимахйолчу йишин доттагI. Электронан кепехь кехаташ шайн кара кхаьчначул тIаьхьа, гергарнаш дIахецна хилла, ткъа кхин а кхо дей-буьйсий даьлча, оцу хIусаман догIанаш дIадахьа веана хилла меттигерчу полицин белхахо.

Цул а хьалха Магомадова Заирина а, цуьнан хIусамдена Идигов Расулна а кхерамаш тийсинера Бакаевас, ша Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь дупутат волчу Делимханов Адаман гIоьнча йу, ша шуна "хьовзам боккхур бу", шун цIийнах мел верг Украине тIом бан а хьажавойтур ву бохуш.

Кавказ.Реалии сайтана къаьстина, 2017-чу шарахь Бакаева Лариса Нохчийчуьрчу Юкъараллин мониторинган комиссин (ОНК) куьйгалхочун гIовс хилла йуйла. Кехаташ тIерачу йозанашца, набахте а оьхуш, цигахь тутмакхийн бакъонаш Iалашйеш йу и йукъаралла.

Нохчийчуьра хьал девзаш, Бакаевах лаьцна хьал девзачу хьасто дийцина редакцига, Бакаевас цхьанне а бакъонаш Iалашйеш ца хиларх.

"Нах шех теша а беш, къаьсттина цхьа сингаттам тIебеана нах уьш белахь, ша гIо дийр ду бохуш, цаьргара ахчанаш а дохуш, лелаш йара иза. Цхьана заманчохь нохчийн тутмакхаш латточу Оьрсийчоьнан маьI-маьIIерчу набахтешка лестара иза, тутмакхийн гергарчаьрга олура, ша шун стаг цIенна герга сехьавоккхуьйтур ву, йисина хан цIахь такхийта. Ахчанаш дохура цаьргара даккхий, амма цо гIо дина меттига бан а бац. Ткъа кхано шегара ахча схьадехча, шен бевза полисхой царна дуьхьал бохура", - дийцина хьасто.

Цо бахарехь, Iедалехула и тайпа гIуллакхаш листа дегайовхо йоцчу оцу нехан аьтто бацара, нохчашна йукъахь лелаш ламаст ма-хиллара, Бакаева Ларисин гергара, тайпа-тукхумера нахана тIебахана, иза дIайалхо. "Бакаева йолчара тIе йуьтуш йац, цуьнан гергарчара иза шайх дIахадийна дукха зама йу", - бохура редакцин хьасто.

"Свобода (не) за горами" хьасто дийцарехь, Идиговс хIинцале а диъ дIахьедар чу делла Талламан комитете, шайгара бахам схьабаккхаран хьокъехь.

  • Лахьан-беттан 17-чу дийнахь Нохчийчоьнан Кхерамазаллин Кхеташонехь дийцаре дира латтанаш пайда хуьлчу агIор лелош цахиларх лаьцна. Республикан куьйгалхочун 18 шо долчу кIентан Кадыров Адаман тӀедилларца цхьаьнакхетарехь дакъалаьцначара дийцаре дира цIенош дан, йа кхечу агIор латтанех пайдаэца Iалашонца лоьцу меттигаш нийса лелош йац бохуш. И тайпа латтанаш схьа а дохуш, пачхьалкхан дола дохур ду аьлла, дӀахьедира хьаькамаша. Мэрин урхаллина а, ницкъаллийн структурашна а тӀедиллира "дIатесна латточу дакъойн" долахой схьакарабар.
  • 2025-чу шарахь Кавказ.Реалии сайто йаздира, Нохчийчохь оппозицин жигархошкара а, церан гергарчаьргара а цӀенош схьадахар даьржина хиларх лаьцна – оцу хьелашкахь уьш йа ницкъаллин структурийн кара дӀалуш хилла, йа дохка кхайкхийна карадора.